Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Дика lамал

Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал Д
Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал
Адрес канала: @dika_1amal
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 2.65K
Описание канала:

◉ Къуранан тафсир.
◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш.
◉ Шафиlийн фикъхl.
◉ Хьехаме дешнаш.
◉ Вайн бот: @Dika1amalBot

Рейтинги и Отзывы

3.33

3 отзыва

Оценить канал dika_1amal и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 2

2022-07-28 08:10:45 Ибн Къоййима (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къемат дийнахь лай схьавогlур ву, лаьмнаш санна дукха дикнаш а долуш, делахь а шен матто и дерриге а дохайна карор ду цунна.»

"Ад-дау ва ал-давау (375)"
2.1K views05:10
Открыть/Комментировать
2022-07-27 20:13:54 Шайх Ибн lусаймина (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Iуьйра ламазан хьалхара суннат лардеш хила веза стаг ша цlахь волуш а, некъахь волуш а, нагахь lуьйра ламаз динехь, цо суннат ламаз ца деш, lуьйра ламаз динчул тlаьхьа дойла цо иза малх хьалабаьллехь а.»

"Шархь Рийад ас-салихьин (5/126)"
1.9K views17:13
Открыть/Комментировать
2022-07-26 03:19:44 Деши - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), стегаршна хьарам а дина, зударшна хьанал диначух цхьаъ ду.

Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, дарин (кийсак) схьа а эцна - иза шен аьтту куьйга а лаьцна, дешин (бIелиг) схьа а эцна - иза шен аьрру куьйга а лаьцна. ТIаккха элира цо: «Боккъалаъ, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна»

(дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна хьадис ду хIара).

АшIарерчу Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дарин бедарш а, деши а (лелор) хьарам дина сан умматерачу божаршна, ткъа зударшна - хьанал дина»

(Тирмизи: 1720, цо аьлла хIара хьадис «сахьихь, хьасан» даржехь» ду).

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Аллахан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стеган пIелгахь дешин чIуг гина. Цуьнан пIелгара и схьа а яьккхина, ласттийна дIа а яхийтина, хаьттина цо: «Ткъа шух цхьанненга а шен керахь бовха кIега латталур барий?». Аллахан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIавахача, (цигахь болучара чIуг йолучу дега) аьлла: «Схьаэца хьайн чIуг, (муьлххачу а хьайн цхьана хьаште а хьовзаяй) пайда эца хьайна цуьнах». Цо жоп делла: «ХIан-хIа, аса дуй буу АллахIах! Аллахан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIакхоьссиначул тIаьхьа аса схьаоьцур ма яцара и цкъа а»

(Муслим: 16).
1.8K views00:19
Открыть/Комментировать
2022-07-24 12:04:57 Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туххуш элира: «Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац!». Цхьамма хаьттира (цуьнга): «Мила, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «Шегарачу зенах шен лулахо кхерамазаллехь (тешамехь) воцург!»

(Бухари: 6016, Муслим: 46).

Муслиман ривайатехь ду: «Ялсамане гIур вац цуьнан лулахо цуьнгарачу зенах кхерамазаллехь (тешамехь) воцу (стаг)».
1.6K views09:04
Открыть/Комментировать
2022-07-23 14:30:54

1.6K views11:30
Открыть/Комментировать
2022-07-21 17:24:11 Ахьмад бин Хьанбалан кlанта lабдуллахlа дуьйцу:

«Ас сайн дега хаьттира: "Хlай сан да, Имам Шафиlий муха стаг вара, ахь сих-сиха цунна доlа деш ма хеза суна?" Цо элира соьга: "Кlант, хlокху дуьненна малх санна, адманна могшалла санна вар иза. Ткъа оцу шина хlуманца хийца а, цаьршинан метта хотто а хlумма дуй?"»

"Сияру аlлам ан-нубалаъ: (10/17)"
1.9K views14:24
Открыть/Комментировать
2022-07-21 13:20:34 Абу Дардас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:

«Ас шуьга омар до (дика lамал е оле), сой и (дика lамал) еш вацахь а, хlунда аьлчи, мегакх Дала суна мел бала (и омар шуьга дар бахьан долуш).»

"Сияру аlлам ан-нубаля: (4/19)"
1.7K viewsedited  10:20
Открыть/Комментировать
2022-07-20 18:01:14 Ибн Таймис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Мушрик наха Аллахlе доlа дора шаьш дан хlума доцуш бисича, Аллахlа царна жоп а лора, тlаккха бусалбачу стага доlа дича хlун аьлла хета шуна?»

"Жамиl ал-масаил (1/71)"

Мушрик нах - уьш Аллахlаца накъост лоцурш бу, Аллахl вацчунна lибадат дарца.
1.7K views15:01
Открыть/Комментировать
2022-07-20 11:06:39 Имам Ахьмада (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хьайн (бусалбачу) вешийна къинтlера волуш хила, хьо бахьнехь цунна Дала lазап дичи хьуна цхьа а пайда ма ца хуьлу.»

"Сияру аlлам ан-нубаля (11/262)"
2.2K views08:06
Открыть/Комментировать
2022-07-19 18:00:28 Iабдуллахl бин Масlуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:

«Аллахlа къемат дийнахь гечдийра ма ду (Шен лайшна) , адманна цкъа дага а ца деанчу кепара.»

"Аз-зухlду ли ибни ал-Мубарак агlо:1364"
3.6K views15:00
Открыть/Комментировать