Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Дика lамал

Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал Д
Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал
Адрес канала: @dika_1amal
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 2.65K
Описание канала:

◉ Къуранан тафсир.
◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш.
◉ Шафиlийн фикъхl.
◉ Хьехаме дешнаш.
◉ Вайн бот: @Dika1amalBot

Рейтинги и Отзывы

3.33

3 отзыва

Оценить канал dika_1amal и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 4

2022-05-22 20:22:43 https://t.me/darullugati

Iаьрбойн мотт lамочунна пайде хир ю хlара агlо Дала мукъ лахь .
79 viewsedited  17:22
Открыть/Комментировать
2022-05-20 01:43:44
194 views22:43
Открыть/Комментировать
2022-05-18 23:43:40 Имам Ибн Хьажар ал-Хlайтамийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Майра-зуда цхьаьна lийначул тlаьхьа, шаьшшина юккъехь хилларг кхечаьрга дийца мегаш дац цаьршимма. Мелхо а, бух болуш деана ду, иза дийцар даккхийчу къинойх къа ду аьлла.»

[Тухьфатул-мухьта́ж, да́къа: 7, агIо: 217].
662 views20:43
Открыть/Комментировать
2022-05-17 23:55:39 Харцонца фатваш лучуьнгара, я и (харцо) нахе юьйцуш волчуьнгара тоба къобалдийр дац, цо ша тилийнчарна бакъдерг билгал даллалца.

АллахIа аьлла: «Тоба а дина, шаьш талхийнарг нис а дина, бакъдерг билгалдинчеран тоба къобалдийр ду Ас» 2:160
398 views20:55
Открыть/Комментировать
2022-05-17 18:17:42 Тахана вайна юккъехь жехlлалла яржар бахьан долуш, нахана моьтту хьехамаш мел бирийг а, дийцарш мел дуьйцуш верг а, хьарам-хьаналгахь долчу хаттаршна жоп дала охlла ву. Шайн дахарехь эгаш долчу хlуманийн хьокъехь, и хlума хьарам ду те, йа хьанал ду те оле, цаьрга хоьтту цара. Ткъа вукхо шена ца хуушехь, шайтlано lеха а вина жоп дала тарло. Иза доккха гlалат ду нахера дужуш, шайна хьехам мел бийриг, дийцарш мел дуьйцург lелам стаг ву, йа къеда ву, йа фатва дала охlла ву моттар. Цундела вай нахана lамо деза хьехам бечунна, хьарам-хьанал къасточунна юккъехь башхалла юй. Цхьадолчу маьждигашкахь болу имамаш lилмангахь гена боьвлла ца хуьлу, ткъа цо царна шена ца хуучу хlумангахь жоп далар, иза чlогlа кхераме хlума ду.

Лабиб Нажиб
1.0K views15:17
Открыть/Комментировать
2022-05-14 16:45:14 Имам ас-Суютlийс аьлла:

«Берашкахь пхи амал ю. Баккхийчаьргахь и амалш елхьара, царех авлияаш хир бара.
1)Рицкъанна саготта дац уьш.
2)Шаьш цомгаш хилчи, Деле леткъамаш ца бо цара.
3)Юург цхьана юу цара.
4)Кхераделча, бlаьргах хи долу церан.
5)Шайн дов даьлча, сихха барт бо цара.»

Хьусну аль-Мухьадарати (1/174)
741 viewsedited  13:45
Открыть/Комментировать
2022-05-11 11:58:30 Делан Элчас ﷺ аьлла:

«Цхьа зама йогlур ю нахана, стагана бен ца хеташ ша даьхни хьарамчу некъаца даьккхинехь а, йа хьаналчу некъаца даьккхинехь а.»

[Сахьихь аль-Бухарий: 2083]
903 views08:58
Открыть/Комментировать
2022-05-10 20:43:39 Ассаламу lалайкум ва рохьматуллохlи ва барокатухl.

Шу дукха дахарш, хlара шена тlе ахча доккхуш ву, хlара вац бохуш шу къестайна доьвра дуй тхо? Нагахь шаьш баккъалла а Делан доьхьа цхьа а са ца йоккхуш, шайн болх бинехь, дlадовзийтийша нахана, бакъо гуча яккха хала ма яц, харцонах бакъо я хала ду, харцонах бакъо ян а ца ло. Цундела вайна лен а ца луьйш, баккъалла а шаьш динарг дан ма деззара, нийсонца динехь, дlагайтайша нахана, хlара чек ю шуна, хlокху тlехь мусхьафах делларг хlара ду шуна але, аша мусхьафш эцча, цара шуна схьалуш чек ма ю, цхьана мусхьафан мах хlара бу, массо мусхьафех даьллар хlара ду, хlоккхула барам мусхьаф эцна, и дерриге хlума оцу чек тlехь ду шуна. Оха нахана беш хаам боцуш шайна тlе сом доккхучеран хьокъехь яздина ду тхаьш яздинарг, шай са гат дан хlума дацахь, шайн агlонаш тlехь нахана ма дарра хьал дlадовзийтичхьана довлу шу. Цхьана наха билггала цхьа харцо лелош хилча, мусхьф мах 1000 сом бу, хурман диттан мах 22000 сом бу бохуш, цара шайна оцу балхах цхьа дакъа сацош хилар билгала ца деш, диста ца хуьлуш lан деза тхо?! Делан Элчас ма аьлла: «Нагахь шайна цхьа вон хlума гинехь, шайн куьйгаца хуьйцила аш и, нагахь куьйгаца иза хийца ницкъ бацахь, шайн маттаца хуьйцийла аш и, ткъа маттац хийца а ницкъ бацахь, шайн дагца дlатоттийла цо иза, ткъа иза Иманан уггара лахара дакъа ду шуна.» Муьлхха а бусалбачу стагана тlехь ма ду харцо билгала яр, и дlайовзийтар а, и лелориг тхан чура стаг велахь а, Валлахlи эра ду-кх, хьенех хlара мегаш дац хьуна аьлла, цхьанне дена тевриг дийца йиш йолуш дац вай, нагахь шарlо иза магош дацахь. Цундела оха яздинарг шайна тlе ма ийза, мимбар тlе а ваьлла «къаьркъа малар хьарам ду шуна!» бохуш хьехам беш волучу имаме «ахь со мимбар тlе а ваьлла хlунда вуьйцуш ву?» бохург харц ма ву. Ткъа нагахь вай лекхахь чудехкинчу lелам нехан жоьпаш тlехь, цара билгала бина бехкамаш ахь ларбеш бацахь, тlаккха хьо ву хьуна оха вуьйцург, хьуна мел хала хетахь а, хаза хетахь а, иза алар тхуна тхан Дала тlедиллина декхар ду. Цундела дехар ду кхин хlокху хьокъехь вайга хlумма ца яз яр, вай цхьанна яьккхина цlе ялахь вай цуьнах жоп лур ду, ткъа вай яьккхина цlе яцахь вайн хьокъех харцонаш юьцучеран а, иштта мутаlелмашна гlебаташ, бухтанаш деш хиллачеран болх вай Аллахlе дlабели. Вассаламу lалайкум ва рохьматуллохl.
1.1K views17:43
Открыть/Комментировать
2022-05-10 18:55:23 Иброхlим бин Адхlама (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ма дика нах бу-кх и сагlaдоьхуш берш, шун неlaрш тухуш олу-кх цара: "Эхартана хlумма а дlа хьажа йой аша?"»

[Аадабу aд-дийни вад-дунья, аг1о 230]
1.1K views15:55
Открыть/Комментировать
2022-05-09 20:16:58 Абу-Хlурайрате (Аллахl реза хуьлда цунна) цхьамма хаьттира: «Аллахlах кхерар хlун ду, довзийтахь тхуна?!» Тlаккха цо элира: «Баьlнаш, кlохцалгаш долчу латта тlоьхула дlавахар нисделлий хьан?» Цо делла элира. «Хlун дора ахь тlакхха?»-аьлла хаьттира Абу Хlурайрас. Цо элира: «Чlогlа ларлуш хуьлура со царех.» Тlаккха Абу-Хlурайрас элира: «Иштта, цу кеппара, къинойх а ларло!»

[Аадабу ад-дийни вад-дунья, аг1о: 199]
1.3K views17:16
Открыть/Комментировать