Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Дика lамал

Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал Д
Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал
Адрес канала: @dika_1amal
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 2.65K
Описание канала:

◉ Къуранан тафсир.
◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш.
◉ Шафиlийн фикъхl.
◉ Хьехаме дешнаш.
◉ Вайн бот: @Dika1amalBot

Рейтинги и Отзывы

3.33

3 отзыва

Оценить канал dika_1amal и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 3

2022-06-19 15:47:13
Iеламнах а битина, деккъа жайнашкара lилма lаморан чаккхе.

Тохура lаьрбойн меттан элпашна тlехь тlадамаш хуьлуш ца хилла, масалан: (ب ت ث) хlара элпаш тlадамаш доцуш язъдеш хилла. Ткъа и хlун элп ду жайна доьшучунна хууш хилла контекстаца.

Иштта цхьа дийцар ду, lеламнахегара а ца lамош, ша жайнашкара lилма lаморан чаккхе йовзуьйтуш. Тохура цхьамма жайнахь дешна хилла (الحبة السوداء شفاء من كل الداء) маьlна: тминан буьртигаш дарбане ду массо а цамгарна, (الحبة) дешан ب элп шена кlелахь тlадам болуш ца хилла, таккха оцу пекъиро (الحية السوداء) аьлла ب элпан кlела цхьа тlадам билла безачахь, ши тlадам а биллина ي элп дешна иза, тlаккха цуьнан маьlна даьккхичи, lаьржачу текхаргехь дарба ду массо цамгарна, оле маьlна долу. Тlаккха lаьржа текхарг а лаьцна, цуьнца шен бlаьрса то дан гlерташ волу пекъир, дерриге бlаьрса дlа а даьлла виссина.

Цундела шуна хоуьйла lеламнахана хьалха охьахаар а дитина, ша жайнан тlехьоьжучу стагехь долу lилма кхераме дуйла, цуьнан lилмано зе пайданел алсам дийра дуйла.
919 viewsedited  12:47
Открыть/Комментировать
2022-06-19 08:58:32
634 views05:58
Открыть/Комментировать
2022-06-17 21:24:09 ХIай коьрта Iуьйра лелаш ерг! ХIай пхьаьрсаш даьстина лелаш ерг! ХIай настарш оьхьуш лелаш ерг! Вай Делора къемат дийнахь цунах барт хоттур ма бу хьоьга, цу дийнахь бIаьрах цIийш Iенош йоьлхур ма ю хьо.

ХIай хьарам хIумане хьоьжуш верг! ХIай зударшца хьарам къамелаш деш верг! ХIай зинаш деш верг! Хьоьга къемат дийнахь хоттур ма ду цунах, воьлхур ма ву хьо бIаьрах цIийш а Iенош.

Хаалахь, зина декхар дуйла, иза хьан гергарчара токхур дуйла, и декхар хьан зудчо, я хьан йоIа, я хьан йишас токхур ду хьуна.
481 views18:24
Открыть/Комментировать
2022-06-14 11:03:13
1.3K views08:03
Открыть/Комментировать
2022-06-13 23:35:35 Цхьаболчу нахана маж йолчуьнан , хьижаб дуьйхина йолчуьнан гlалат бен гуш ца хуьлу. Ма тамашена бу церан болх! Динехь нисвелларг лоьху цара, и юьхьlаьржа хlотторхьама, амма ца лоху цара lесаниг, цунна хьехардархьама.
987 views20:35
Открыть/Комментировать
2022-06-07 06:24:59 Муса пайхамар (IалайхIис-сала́м) дакхош жима бер долчу хенахь хи чу кхоьссича, хи буха ца вахана, шегахь чIогIа гIийла хьал доллушехь. Ткъа фирIавн шегахь чIогIа ницкъ боллушехь, хи буха вахана.

Хьайн болх массо хIума кхоьллина волчу АллахIе дIа а лой, сина паргIат хила хьо. Цо хьуна яздинарг бен хир дац хьуна!
1.0K views03:24
Открыть/Комментировать
2022-06-07 00:21:36
Хlай дай-наной, аш берриге а шайн бахам шайн доьзалшна дlабелчи а, уьш къемат дийнахь шуна хьалхара уьдур болуш бу шуна, аш шайгара дикнаш дехарна кхоьруш. Амма аш цаьрга Къуран lамадайтахь, цара шу лоьхур ду шуна, шун коьрта таж(корона) тиллархьамма.
1.1K views21:21
Открыть/Комментировать
2022-06-06 06:30:34
Лекха, сийлахь волчу Аллахlа бах вайга: «Хlай сан лайш, бакъдолуш, дийнахь а, буса а къинош деш ду шу, ткъа со массо а къиношна гечдеш ву, гечдар дехайша соьга, ас гечдийра ду шуна.»
826 views03:30
Открыть/Комментировать
2022-05-25 11:53:21
461 views08:53
Открыть/Комментировать
2022-05-23 15:07:38 Шавваль бутт дlабала 8 де диссина, цундела ша кхабаза волчо Шавваль беттан 6 марха кхаба.

Аллахlа Шен доьхьа йойла вайн lамалш.
506 views12:07
Открыть/Комментировать