Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Дика lамал

Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал Д
Логотип телеграм канала @dika_1amal — Дика lамал
Адрес канала: @dika_1amal
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 2.65K
Описание канала:

◉ Къуранан тафсир.
◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш.
◉ Шафиlийн фикъхl.
◉ Хьехаме дешнаш.
◉ Вайн бот: @Dika1amalBot

Рейтинги и Отзывы

3.33

3 отзыва

Оценить канал dika_1amal и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения

2022-08-27 13:19:56 بسم الله الرحمن الرحيم

АллахIан пурбанца вай дIадолош хьадис Iилмангахь (ал-МанхIажул-хьадис фи мустIалахьил-хьадис)
المنهج الحديث في مصطلح الحديث
- аьлла жайна ду нохчийн маттахь хьалхара доккхуш.

КIирнахь цхьаъ я шиъ дарс хир ю ин ша АллахI.

Жайна яздинарг: Доктор Махьмуд ат-ТIаххьа‌н.

Хьехархо: А‌хьид воI Анзор.

ШолгIа жайна: (Ахла‌къул-Iулама‌ъ) - ду,
أخلاق العلماء للإمام الآجري
хIижрин терахьца 360 шарахь хилла волу Имам А‌журийс яздина.

АллахIе доьху вай хIара болх чекхбаккха Цо вай аьтто бар а, Iилмангахь, Iамалгахь вай совдахар а.


https://t.me/ar_risala
278 views10:19
Открыть/Комментировать
2022-08-25 20:21:54 ​​Ибн Хьиббана (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Уггаре дика вежарий - уьш, уггаре дукха диканиг де, вониг ма де олуш (вовше) хьехарш дийриш бу.»

"Ровдат ал-lукъалаъ: 195"
828 views17:21
Открыть/Комментировать
2022-08-25 00:55:27 Сулейман бин Хьамзат Аль-Макъдисийс аьлла:

«Сайн дахарехь жамаlатца а доцуш цхьалха шозза бен ламаз дина дац аса, и ши ламаз айса дина доцуш санна хета суна.»

Хlара дешнаш олучу хенахь доьзткъай-итт(90) шо гергга дара цуьнан.

"Фикъху ан-нафс: 109"
713 views21:55
Открыть/Комментировать
2022-08-18 13:58:36 Iабдуллахl ибн Масlуда (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла:

«Шайн бусалба вешо цхьа къа деш шайна гичи, шайтlанна гlоьнчи ма хилалаш, цунна наьlалташ бохуш, Аллахlе и сийсаз вар доьхуш. Мелхо а Аллахlе цунна гечдар дехалаш, и цу къинах генаваккхар а дехалаш.»

Аз-зухlд либни аль-Мубарок 1/313
1.3K views10:58
Открыть/Комментировать
2022-08-15 10:17:58 Зуламца хьайна мел дезарг долaдaккха тарло ахь, амма ахь шена зуламдинчуьнан доlанца хьайн долахь мел долчух вала герга ву хьо.
2.8K views07:17
Открыть/Комментировать
2022-08-13 14:20:34 Ибн Масlуда ( Дела реза хуьлийла цунна) дуьйцу:

«Барт хоттучу дийнахь адмаш маlшар-майдане дlагулдийр ду, когашlуьйра а, берзина а, меци а, цкъа а ца хиллачу кепара хьогаллийца бала хьоьгуш а болуш, ткъа Аллахlан доьхьа кхечунна тlе хlума юхуш хиллачунна, Аллахlа тlе хlума юхур ю. Аллахlан доьхьа кхиниг вузош хилларг, Аллахlа вузор ву, Аллахlан доьхьа кхечунна хи малош хиллачунна, Аллахlа хи малор ду, Аллахlан доьхьа кхечунна гечдеш хиллачунна, Аллахlа гечдийр ду.»

"Ат-Таргlиб ва ат-тархlиб"
1.7K views11:20
Открыть/Комментировать
2022-08-12 16:46:53 Имам Ал-Къуртlубис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Шен къинош долчо (бусалба стагана) хи маладойла. Аллахlа жlаьлина хи малайначуьнан къиношна гечдина, ткъа бусалба стагана хи малайча хlун аьлла хета шуна?»

"Тафсир ал-Къуртlуби (7/215)"
1.5K viewsedited  13:46
Открыть/Комментировать
2022-08-11 14:36:55

1.4K views11:36
Открыть/Комментировать
2022-08-05 00:24:21

2.0K views21:24
Открыть/Комментировать
2022-07-29 14:16:44 Зайд бин Сабита (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:

«Нахах эхь ца хетачунна Делах а эхь ца хета.»

"Сияру аlлам ан-нубалаъ: (2/439)"
2.2K viewsedited  11:16
Открыть/Комментировать