Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара | Дика lамал

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туххуш элира: «Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац!». Цхьамма хаьттира (цуьнга): «Мила, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «Шегарачу зенах шен лулахо кхерамазаллехь (тешамехь) воцург!»

(Бухари: 6016, Муслим: 46).

Муслиман ривайатехь ду: «Ялсамане гIур вац цуьнан лулахо цуьнгарачу зенах кхерамазаллехь (тешамехь) воцу (стаг)».