Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Деши - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда | Дика lамал

Деши - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), стегаршна хьарам а дина, зударшна хьанал диначух цхьаъ ду.

Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, дарин (кийсак) схьа а эцна - иза шен аьтту куьйга а лаьцна, дешин (бIелиг) схьа а эцна - иза шен аьрру куьйга а лаьцна. ТIаккха элира цо: «Боккъалаъ, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна»

(дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна хьадис ду хIара).

АшIарерчу Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дарин бедарш а, деши а (лелор) хьарам дина сан умматерачу божаршна, ткъа зударшна - хьанал дина»

(Тирмизи: 1720, цо аьлла хIара хьадис «сахьихь, хьасан» даржехь» ду).

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Аллахан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стеган пIелгахь дешин чIуг гина. Цуьнан пIелгара и схьа а яьккхина, ласттийна дIа а яхийтина, хаьттина цо: «Ткъа шух цхьанненга а шен керахь бовха кIега латталур барий?». Аллахан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIавахача, (цигахь болучара чIуг йолучу дега) аьлла: «Схьаэца хьайн чIуг, (муьлххачу а хьайн цхьана хьаште а хьовзаяй) пайда эца хьайна цуьнах». Цо жоп делла: «ХIан-хIа, аса дуй буу АллахIах! Аллахан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIакхоьссиначул тIаьхьа аса схьаоьцур ма яцара и цкъа а»

(Муслим: 16).