Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Враги Иблиса

Логотип телеграм канала @vragi_iblisa — Враги Иблиса В
Логотип телеграм канала @vragi_iblisa — Враги Иблиса
Адрес канала: @vragi_iblisa
Категории: Религия
Язык: Русский
Страна: Россия
Количество подписчиков: 1.03K
Описание канала:

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman
Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал vragi_iblisa и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 3

2020-11-26 20:49:23 Такфир. Бехказло. Хьужжат

Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
Такфир дар я ца дар бехказло луш юй, яций аьллачу хаттарна тIедоьдуш дуй? Масала, цхьана Iеламстага бехказло яц олу жахIлаллина, Фулайжа шена и агIо гIоли хета элира, ткъа кхечо бехказло ю олу жахIлаллина. ТIаккха со Фулайжан ойлан тIехь велахь, сан бакъо хуьлий, хьужжат хIоттийна дацахь а, цхьаъ къаста а вина, цунна такфир дан? Я, масала, со бехказло ю бохучунна тIехь велахь, цхьаъ къаста а вина, такфир дан ца мегаш, иштта хьал дуй цигахь дерг?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Бехказло луш юй, яций бохург ду-кх цу такфирна тIедоьдуш. Амма бехказло луш ю аьлча, цхьана а хьолехь такфир ца до бохург а дац иза. Стеган цакхетам хила йиш ю ала меттиг йоцучехь до такфир, масала: цхьаъ АллахIана луьш ву, я, Къуръан дуй хууш шегахь дерг, и этIош ву. Цу хьолехь цхьа а бехказло яц, я цхьа а хьужжат хIотто хьашто а яц, я цунна такфир дан Iеламстаг оьшуш хьал а дац. И дерриге стенах доьзна ду аьлча, кху цхьана хIуманах кхетча атта ду кхидIа долчух кхета, стаг шахIадат далош ву, юха ширк деш а ву, и шахIадат дохош дерг ду-кх иза, тIаккха хIинца тIехьоьжуш волу хьан шеко ю, кху стага багахь Дела цхьаъ ву боху, ткъа лелош долчуьнца кхин а делий болуш санна лелаш ву хIара, кхуьнгахь доллург хIун ду те аьлла. Цуьнан дагчохь дерг хууш доцун дела, хьан шеко ю, хIара стаг Дела цхьаъвеш вац те я кхуьнан цакхетам бу те аьлла. Ткъа цакхетам хила йиш ма ю, ца девзуш хила а йиш ю, цхьамма нуьцкъалла леладойтуш хила а йиш ю, иштта дуккха а агIонаш ю, цундела, и цакхетам дIабаккха хIоттош ду и хьужжат, дерриге билгал а дина тоьшаллашца, цо лелош дерг кхин дела лацар дуй кхета а вина, «хIан-хIа, иза Дела лацар дац» бохуш, шен дагахь дерг цуьнга дерриге схьа а дуьйцуьйтуш, и нийса цахилар Iилманца билгал а деш, кхин хьуна дуьхьал дийца хIума доцуш, ахь кIелавитинчул тIаьхьа, тIаккха а иза ша бохучунна тIера ца валахь, билггал кхетча, иза шен кхетамца Делаца кхин а делий лоцуш хилар, тIаккха цунна такфир догIуш хуьлу. Ткъа кху тайпа дерг муьлххачо а ала тарло, ша хьенехаца къамел дина, шена дуьхьал дийца хIумма а дацара цуьнан, амма тIе ца лецира цо, тIаккха мегар дуй ша такфир дан. Мегар дац, хIунда аьлча цо хьо къобалвина а вац, Iилманца стаг ву аьлла, хьоьга шен дийца хIума хилар а, цахилар а цо кхин чоте а ца лору, хьол баккхийчу Iеламнаха бохуш ду иза аьлла бу цуьнан кхетам, цундела оьшуш ву цигахь Iеламстаг. Кхин бахьана а ду цигахь Iеламстаг эшаран, иза - цу стеган и цакхетам дIабаьлла я ца баьлла, я цунна кхоччуш билгалдаьлла я ца даьлла, я цо лелош дерг а дуй билггал шена такфир дан догIуш ширк я керстаналла боху хаттарех кхета везаш ву. Уьш кегий хIуманаш дац, вай тIеххула дийцарх, цу юкъадогIуш дукха а хIуманаш ду, уьш дерриге девзуш а воцуш, стагана хьукма дан хIоьттича, гIалат ца вала йиш а яц, масала: стага кочахь жайна лелош делахь, цу жайно ларво аьлла - доккха ширк ду иза, нагахь и жайна бахьана ду, и лелийча Дала ларво аьлла лелош делахь - тIаккха жима ширк ду иза. Цу шина а стага деш дерг цхьа хIума ду, амма церан кхетаме хьаьжжина хьукма хийцалуш ду. ХIара чIогIа жима масал ду, кху тайпа дерг дукха хаттаршкахь нисло, ткъа Iилманан кIорге евзу Iеламстаг ца хилча, муха бийр бу сацам, хIара стаг керста ву я вац аьлла? Я хьужжат а муха хIоттор ду, цу шина хьолехь иза кхетош, цунна хьужжат хIоттош дан дезарг а ма ду бес-бесара къамел, шинге а цхьатерра къамел а дина, ша хьужжат хIоттийна алахь, цо хIоттийнарг хьужжат лара йиш ма яц.
896 views17:49
Открыть/Комментировать
2020-11-06 14:36:06 Мутlелам ларвала везарг

Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
Жайнаш эца ахча дехар сагIа дехарна юкъадогIий?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
СагIа дехарна юкъадогIу. Оьшуш дац цхьана а гIуллакхна нахера хIума еха. МутIелам къаьсттина ларвала веза нахера хIума ехарх, нехан хIумане сатийсарх, нахе шен къа-бала ялхорах, я цу тайпа хIуманаш тIехь шен дагара хаийтарх. Дог-ойла лакхара йолуш хила везаш хIора а велахь а, мутIелам кхин иттазза сов хила веза, шен ницкъ кхочуш, цхьамма елларг а схьа ца оьцуш, мел хала делахь а, цхьанне а несалахь воцуш, я цхьаьннан а тIехтоха хIума доцуш, хьайн корта айббина лела йиш йолуш. Дог-ойла лакхара хила меттиг йолуш хилар гIоли ду, атта ваха а гIоьртина, я оьшург кхоччуш долуш ваха а лиъна, нахана хьалха несала а волуш, я хьайн ала дезарг дIааларна тIехь, ян езачехь инкарло ярх ийзалуш лела дезачул а. Цундела дика ца лоруш ду Iеламстагана паччахьан совгIат къобалдар.

https://t.me/Vragi_iblisa
1.9K views11:36
Открыть/Комментировать
2020-10-31 19:33:12 ПАЙДЕ КАНАЛАШ

Шаьш а чудовла, дlайса а яржае, ял хир ю шуна, Дала мукъ лахь.
846 views16:33
Открыть/Комментировать
2020-10-28 10:01:50
https://t.me/payhamar/62
1.6K views07:01
Открыть/Комментировать
2020-10-27 21:37:40
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум!
Кху тайпа хӀуманаш лелорах лаьцна ала, кхин а дуккха а ду хӀорш. Цу стагана неӀалташ кхайкхош, цуьнан суьртш тӀе яздеш, юха тӀе мачаш йохкуш а.

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Элчанан (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) сий тlе кхевдиначунна хуьллург ду кхунна хилла. Кхул а боьха болуш паччахьаш дуккха а бу кху дуьненчохь, амма Элчанан сий тlе кховдарца Аллахlа дерриг дуьнен тlехь сийсазвайти хlара. Кху заманахь хир а вац хlара санна адамо сийсазвина паччахь.

https://t.me/Vragi_iblisa
1.4K views18:37
Открыть/Комментировать
2020-10-25 22:22:46
15.2K views19:22
Открыть/Комментировать
2020-10-25 10:27:55 Хьабиба баьккхина толам

Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Аша, исламан гуламаша, Нурмагомедов Хьабиба толам баьккхича хlумма а ма ца эли. Цо дика ца баьккхина и? Шуна хаза ца хийтира цо динарг?Дерриг адам ца гора шуна и вазвеш, декъалвеш? Цо хаза боршша эшийра-кх и жlаьла. Суна жоп ло кху хаттарна, сан ваша, цхьаммо а луш дац суна иза.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Исламан белхах хьакхалуш, я умматан лазамах гlуллакх и хиллехь-м хьахор дара, дуьйцур а дара, хаза а хетар дара. Суна-м ца хиъна и леташ вуй, кху чу хаттар даийтича бен!
Амма, бакъду, даггара халахетарг цхьа хlума ду - оццул сонталли чу уммат тахана дахар. Бусалба нахана тlехь шайн lалашо чекхъяккха керста нехан оццул аьтто балар, шайн динца а, махкаца а долчу гlуллакхах адамийн ойла дlахьовзо керста наха юкъакхиссинчу белхах оццул адам lехадалар. Цул сов, шаьш лелориг, шаьш сагатдар а баккъал цхьа динах хlума а хеташ, цхьаболу lилма lамош бу бохурш а цу гlуллакхах lехабалар, и санна долчу хlуманах адамийн самукъадалар, бала кхачар - кху белхаша баккъал а дагна боккха сингаттам бина! Вайн къам билггал тишачу хьолехь а, сонталлехь а дуй билгалдаьлла-кх!

https://t.me/Vragi_iblisa
2.1K views07:27
Открыть/Комментировать
2020-10-24 08:54:53
Къонах, мел буьрса велахь а, вáла везачехь къинтlераволуш карор ву хьуна. Амма гlийла стаг, шен гlийлалла къизаллина тlехьа хьулйина волу, къинтlера ца волу.
3.5K views05:54
Открыть/Комментировать
2020-10-23 00:57:48 https://vk.com/wall-23776385_440796
1.3K views21:57
Открыть/Комментировать
2020-10-13 19:31:17
Къонахаша атта дерг ца лоьху
1.4K views16:31
Открыть/Комментировать