Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Такфир. Бехказло. Хьужжат Хаттар: Ассаламу Iалайкум. Такфир д | Враги Иблиса

Такфир. Бехказло. Хьужжат

Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
Такфир дар я ца дар бехказло луш юй, яций аьллачу хаттарна тIедоьдуш дуй? Масала, цхьана Iеламстага бехказло яц олу жахIлаллина, Фулайжа шена и агIо гIоли хета элира, ткъа кхечо бехказло ю олу жахIлаллина. ТIаккха со Фулайжан ойлан тIехь велахь, сан бакъо хуьлий, хьужжат хIоттийна дацахь а, цхьаъ къаста а вина, цунна такфир дан? Я, масала, со бехказло ю бохучунна тIехь велахь, цхьаъ къаста а вина, такфир дан ца мегаш, иштта хьал дуй цигахь дерг?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Бехказло луш юй, яций бохург ду-кх цу такфирна тIедоьдуш. Амма бехказло луш ю аьлча, цхьана а хьолехь такфир ца до бохург а дац иза. Стеган цакхетам хила йиш ю ала меттиг йоцучехь до такфир, масала: цхьаъ АллахIана луьш ву, я, Къуръан дуй хууш шегахь дерг, и этIош ву. Цу хьолехь цхьа а бехказло яц, я цхьа а хьужжат хIотто хьашто а яц, я цунна такфир дан Iеламстаг оьшуш хьал а дац. И дерриге стенах доьзна ду аьлча, кху цхьана хIуманах кхетча атта ду кхидIа долчух кхета, стаг шахIадат далош ву, юха ширк деш а ву, и шахIадат дохош дерг ду-кх иза, тIаккха хIинца тIехьоьжуш волу хьан шеко ю, кху стага багахь Дела цхьаъ ву боху, ткъа лелош долчуьнца кхин а делий болуш санна лелаш ву хIара, кхуьнгахь доллург хIун ду те аьлла. Цуьнан дагчохь дерг хууш доцун дела, хьан шеко ю, хIара стаг Дела цхьаъвеш вац те я кхуьнан цакхетам бу те аьлла. Ткъа цакхетам хила йиш ма ю, ца девзуш хила а йиш ю, цхьамма нуьцкъалла леладойтуш хила а йиш ю, иштта дуккха а агIонаш ю, цундела, и цакхетам дIабаккха хIоттош ду и хьужжат, дерриге билгал а дина тоьшаллашца, цо лелош дерг кхин дела лацар дуй кхета а вина, «хIан-хIа, иза Дела лацар дац» бохуш, шен дагахь дерг цуьнга дерриге схьа а дуьйцуьйтуш, и нийса цахилар Iилманца билгал а деш, кхин хьуна дуьхьал дийца хIума доцуш, ахь кIелавитинчул тIаьхьа, тIаккха а иза ша бохучунна тIера ца валахь, билггал кхетча, иза шен кхетамца Делаца кхин а делий лоцуш хилар, тIаккха цунна такфир догIуш хуьлу. Ткъа кху тайпа дерг муьлххачо а ала тарло, ша хьенехаца къамел дина, шена дуьхьал дийца хIумма а дацара цуьнан, амма тIе ца лецира цо, тIаккха мегар дуй ша такфир дан. Мегар дац, хIунда аьлча цо хьо къобалвина а вац, Iилманца стаг ву аьлла, хьоьга шен дийца хIума хилар а, цахилар а цо кхин чоте а ца лору, хьол баккхийчу Iеламнаха бохуш ду иза аьлла бу цуьнан кхетам, цундела оьшуш ву цигахь Iеламстаг. Кхин бахьана а ду цигахь Iеламстаг эшаран, иза - цу стеган и цакхетам дIабаьлла я ца баьлла, я цунна кхоччуш билгалдаьлла я ца даьлла, я цо лелош дерг а дуй билггал шена такфир дан догIуш ширк я керстаналла боху хаттарех кхета везаш ву. Уьш кегий хIуманаш дац, вай тIеххула дийцарх, цу юкъадогIуш дукха а хIуманаш ду, уьш дерриге девзуш а воцуш, стагана хьукма дан хIоьттича, гIалат ца вала йиш а яц, масала: стага кочахь жайна лелош делахь, цу жайно ларво аьлла - доккха ширк ду иза, нагахь и жайна бахьана ду, и лелийча Дала ларво аьлла лелош делахь - тIаккха жима ширк ду иза. Цу шина а стага деш дерг цхьа хIума ду, амма церан кхетаме хьаьжжина хьукма хийцалуш ду. ХIара чIогIа жима масал ду, кху тайпа дерг дукха хаттаршкахь нисло, ткъа Iилманан кIорге евзу Iеламстаг ца хилча, муха бийр бу сацам, хIара стаг керста ву я вац аьлла? Я хьужжат а муха хIоттор ду, цу шина хьолехь иза кхетош, цунна хьужжат хIоттош дан дезарг а ма ду бес-бесара къамел, шинге а цхьатерра къамел а дина, ша хьужжат хIоттийна алахь, цо хIоттийнарг хьужжат лара йиш ма яц.