Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Враги Иблиса

Логотип телеграм канала @vragi_iblisa — Враги Иблиса В
Логотип телеграм канала @vragi_iblisa — Враги Иблиса
Адрес канала: @vragi_iblisa
Категории: Религия
Язык: Русский
Страна: Россия
Количество подписчиков: 1.03K
Описание канала:

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman
Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал vragi_iblisa и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 4

2020-10-12 16:57:56
Дика йоl цlахь lашшехь юьгу маре.
1.3K views13:57
Открыть/Комментировать
2020-10-08 23:23:38 ВАЙН ЦlАРАХ СУЬРТАШ
________________________

Кху чохь схьагулдина вайн суьрташ ду, шортта а пайда бу безачунна. Кест-кеста керланаш а чухlиттор ду, иншаАллахl.

Шайн агlо тlе дехьаяккха хlара, алсам нахана гайтархьама.

https://vk.com/wall-23776385_439541
1.4K views20:23
Открыть/Комментировать
2020-10-07 18:30:17
Хlай боьха хlума даржош верг!
1.4K views15:30
Открыть/Комментировать
2020-09-29 14:18:24 Ас Аллахlаца чlагlо йийр яра, бусалба нехан кхетамехь йоцу цхьа боьхалла ца кхоьллина аьлла цу керста наха я кху динна тlе а, я Къуръанна тlе а, я Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) тlе а! Нагахь вай бахахь хlара дин керста наха бехдеш ду, вай харцлуьш хуьлу! Бакъ дац! Ца бехдо! Бусалба нах бу хlара дин бехдеш берш! Бакъ дац кху динца боьха ойла ерш керста нах бу аьлча, бакъ дац! Бусалба нах бу кху динца а, Пайхамарца а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) боьха, дегаза ойла ерш! Цара кху динах гайттина йолу ойла схьа а оьций, иштта ду Ислам-дин олу керстанаша! Вайна тlаккха эхь хlунда ца хета уьш бехке бан?! Схьагайтийша цхьа вон дош, керста наха кху динан хьокъехь а, Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хьокъехь а аьлла долу, таханлера бусалба нехан кхетамашца догlуш а доцуш!

https://t.me/Vragi_iblisa
4.1K views11:18
Открыть/Комментировать
2020-09-29 14:18:06 Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хlума лачкъош хилла?! Карикатураш а, бусалба нехан кхетам а

Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Керстанан я lедалан хlума лачкъо мегаш дуй? Лачкъочо мегаш ду олу. Мегаш муха хуьлу иза хаьттича, Пайхамара а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) лачкъош хилла олу.

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Ма инзаре хlума ду хlара! Хlара хаттар баккъал а иштта ду те бохуш, масийттазза дийши-кх ас! Дала нисбе уьш, ма генаяьлла-кх цу нехан боьхалла яла-м! Суна, бакъдолуш, гина а дац кху дуьнен чохь вайн заманахь а, я тарих ешча, цхьана а заманахь хилла аьлла а, тахана бусалба ду шаьш бохуш лелачу наха санна вайн Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) бехвеш, вайн дин бехдеш, вайн динца а, вайн Пайхамарца а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) боьха, оьзда йоцу, сийсаза ойла йолуш цхьа а керста ву аьлла! Таханлера бусалба нахал чlогlа Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) бехвеш, цунна тlе харцо кхуллуш керста нах кху дуьнен чохь бу бохург а, тарихехь мацца а цкъа хилла бохург а харцлуьш ву! Бакъ дац бусалба наха санна Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) бехвина цхьа керста ву бохург а я хилла ву бохург а!

Кху шарахь карлаяьхначу карикатурех цхьаьннан а чо меттах ца баьлча, со цкъа дуьххьара чlогlа цеце, цул тlаьхьа даг чуьра кхерамца хьаьжира цу гlуллакхе. Амма жимма тlаьхьа ойлане вахча кхийтира со, цара динарг хlумма а ма дац таханлерачу бусалба нехан кхетамца! Адам меттахдала а, оьгlаздаха а царна гуш берг вон болх хила ма беза, ткъа бусалба нахана хlинццалц и вон болх хеттехь а, керстанаша хlора дийнахь керла кхуллучу тобанаша адамашна чудиллина, и ерриге а боьхалла Пайхамарехь (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хилла ю, Ислам-динах хlуманаш ду уьш аьлла. И кхетам бусалба нехан тlечlагlбеллачул тlаьхьа, керстанаша церан коьртош чохь болу и кхетам суьрташ тlе баьккхина-кх! Кхин хlумма а дац цара динарг, тlаккха карикатураш йина аьлла хезначунна дагах кхета хlун ду цигахь? Хlумма а ца хуьлу-кх! Бусалба нехан коьртош чохь ду Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) адамийн цlий муьйлуш, цу цlийх ца lебаш, адамаш дlахьокхуш, къиза стаг хилла аьлла. Ткъа керста наха цу кепара сурт диллина, тlаккха дегнаш чохь хlун оьгlазло ер ю меттах?! Кхуьнан кхетамехь долуш ма дара Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) иштта хилла ву аьлла, хlинца цу кепара диллина сурт гича иза цец стенах вер ву, я оьгlаза а стенна гlур ву? Мелхо а, баркалла эр ду-кх цо цу керстанна, - «сан Пайхамаран сурт диллина ахь, сан ларам беш диллина хир ду-кх ахь иза», - аьлла!

Иштта тахана бусалба нехан кхетамца дlаийна ду йоl ша ара а яьлла, маре йоьду аьлла дlаяхар, вали воцуш там-мах бар, къайлаха никахь дар бохуш, шайна садаlар бусалба динера ду, нийса ду бохург! Нийса дац алахь, хьо муржиахl хуьлуьйтуш ву. Тlаккха керста наха цу гlуллакхан сурт диллина-кх! Юха а, мила гlур ву цу суьртана оьгlаза я меттах а мила вер ву? Кхеран кхетамехь долуш дерг ду-кх цу керстано диллинарг!

Иштта кхидlа а, мел диллина долу сурт ма-дарра дийца ца лаьа суна, Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хьехош! Амма лакхарчу масалашца кхетар ву корта болх беш верг дисинчух а! Таханлера бусалба нехан кхетамца догlуш доцуш цу керста наха цхьа а сурт ца диллина, цундела цхьанна а и lотта ца делла, цхьаннах а хьакха а ца делла!

Амма цхьабакъ ду. Ахь буьйцучу нехан кхетам ца биллина цара суьрташ тlехь цкъачунна! Оьгlазе хила а тарло уьш, Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) хlума лачкъош а хlунда ца диллина цара сурт бохуш! Дош ца карадо кху гlуллакхна! Кху хьолана ойлане вахча кхийтира со даханчу деношкахь ехкинчу карикатурех цхьаьннан а мас хlунда ца лести!
3.6K views11:18
Открыть/Комментировать