Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Враги Иблиса

Логотип телеграм канала @vragi_iblisa — Враги Иблиса В
Логотип телеграм канала @vragi_iblisa — Враги Иблиса
Адрес канала: @vragi_iblisa
Категории: Религия
Язык: Русский
Страна: Россия
Количество подписчиков: 1.03K
Описание канала:

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman
Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал vragi_iblisa и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 2

2021-02-21 20:50:52 Нохчийн мотт телеграм чохь

https://t.me/setlanguage/chechen3
330 views17:50
Открыть/Комментировать
2021-02-20 10:44:50 https://vk.com/wall-23776385_274799
646 views07:44
Открыть/Комментировать
2021-02-16 18:37:11
Шайх Мухьаммад Хьассан вон хьал долуш, цомгуш ву, реанимацехь. Аллахlе доlанаш де, деха хlораммо а Шайх цу цамгарх дlацlанвар а, могуш-маьрша а волуш цlаверзор а.
421 views15:37
Открыть/Комментировать
2021-02-13 18:08:33
Фатва 16. Кхаа беттан марханаш кхабар
652 views15:08
Открыть/Комментировать
2021-02-09 00:27:15

2.0K views21:27
Открыть/Комментировать
2021-01-05 07:46:07 Враги Иблиса pinned a photo
04:46
Открыть/Комментировать
2020-12-13 01:29:39 Мохкбегийна Нохчийчохь - неlалташ ду стиглара чудуьссуш

Хаттар: Ассаламу Iалайкум. ХIинцца чIогIа мохкбегий кхузахь Нохчийчохь, хIара хIун ду те, тIаьхьара ханчохь чIогIа Iеса даьлла вайн адам, цхьаъ дин тIе харцо кхуллуш, важа никъаб охьайоккхуш, важа нехан сий тIе кхийдаш, цундела ду те хIара, ма кхераме хьал ду-кх кхузахь, хьехар дахьара ахь тхуна.

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
АллахIа диканна дойла иза, АллахIа кхин сов ца хуьлуьйтуш, дlадоьрзийтийла.
Ахь дагардинарш дерриге а ду даккхий белхаш, амма царна бекхам иштта ца богIу. Ткъа сан шеко а яцара иштта дерг хир долуш хиларна тIехь, делахь а, доккхачу зенца, къам хIаллакдеш ма хилийта олий, дора ас Деле доIа!
ХIинцца, дукха хан йоцуш, дерриге вайн къомо кхайкхийна неIалташ ду-кх стиглара чудуьссуш, кхин вай цецдовла хIумма а дац. Цец со баккъал а вер вара, нагахь, кхин хIумма а ца хуьлуш, иза тIехдаьллехь. ХIинца Далла хастам бо, кхин доккха ца хилийтарна, вайна хьакъ дерг ца хилийтарна!
Ма кхайкхаде и неIалташ аьлча хьо бехке волуш, вониг волуш, ладугIуш стаг воцуш, дерриге къомо кхайкхийна неIалташ ду-кх чудуьссуш. Воккханиг ву-кх аьлла, хьекъал луш воккханиг воцуш, Iилманан агIо юьйцуш ву-кх аьлла дог-йовхо хила, лелош цу Iилманан некъ боцуш, ванах, верриге хIунда ву те хIоккхул сонта бохуш, коьртехь кхолладеллачу хаттарна жоп ца карош, массара а неIалташ кхайкхош, бисинарш цу хьолана реза а хилла Iар ду хилларг. Пайхамар ша воллушехь, и Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кхийрина долчу неIалтах вайн къам кхерра цахилар ду. Бекхам АллахIа кхин сов ца беш, дlадоьрзийтийла иза.

https://t.me/Vragi_iblisa
2.1K views22:29
Открыть/Комментировать
2020-11-28 23:27:50 Шуна хууш делхьара, шайна мел дукха дика хlуманаш девзур ду, шу кху цхьана канал чуьра пайда эца дуьйладелча

https://t.me/hehamtv1

Хьадисаш, lеламнехан дешнаш, хьехамаш, доцуш хlума дац.

Билггал бух болуш, бакъдерг бен даржош доцуш масех канал чохь lар гlоли ду, хlун ду, мила ду ца хууш, эзар канал латточул.

Аша яржийча, шух бахьана а даьлла, цу чуьра пайда эца мел волавеллачуьнан цlарах ял хир ю шуна а. Ма хаза хlума дай хlара. Цара санна суьрташ кечдеш, хьехамаш беш, гочдеш къахьега а ца деза. Дlайсаяржийчхьана довлу-кх вай. Шайн каналаш йоцучеран а йиш ю, шайна бевзучаьрга кху чухула дlайсаяхьийта.

@hehamtv1
1.3K views20:27
Открыть/Комментировать
2020-11-26 21:05:28 Амма хьо Шайх Фулайжа бохург схьаэцна хилча, хьужжат ца хIоттош, такфир дан йиш йолуш хуьлий аьлча, иштта-м хуьлу. Делахь а, иштта тIетовжа йиш юй аьлча, йиш яц дера-кх! Цхьана Iеламстага аьллера аьлла тIетовжа йиш ма яц шен далил доцучу хIуманна. Шайх Iусаймина ма-аллара: «Цхьана адаман ницкъ кхочур ма бац бехказло яц аьлла нийсса цхьа тоьшалла дало!». ТIаккха цхьамма аьллера аьлла, иза мел воккха Iеламстаг хилча а, тIетовжа йиш ма яц, цу тайпа доккха шегара нахана юккъехь питана схьадолуш хаттар хилча муххале а. Амма цу тIе хьо тевжича а, тIаккха а ма ю шен бакъонаш, довза деза хIуманаш а, юха а, Iеламстаг вацахь а, лаххара барам Iилма долуш мукъане а воцучо такфир муха дийр ду? Шена и такфир девзуш а доцуш, цу ширкан, куфран дакъош девзуш а доцуш, жима, доккха маца хуьлу, муха хуьлу кхеташ а воцуш?! Иштта шен хIуманаш ду, и агIо лаьцча а, уьш дийца цу чу ца доьлху вай, амма и хIуманаш тергалдеш а доцуш ца до и такфир, бехказло ца лучара а. Кху вайчара санна раз-пурх дIайсакхуьссуш дац.
Кхин а цхьа хIума а ду само ян езаш. СаIудехь волчу Iеламстага шайн цигарчу хьолаца бехказло ца яларрий, вайн хьолаца, вай бехказло ю аларрий а ду йоккха башхалла йолуш хIума. И хIунда ду а хьалха дийца-м дийцина вай, хIинца цу чу а ца доьлху вай, Шайх Вахьида элира цхьана дарсехь: «СаIудера Iеламнаха дукха хьолехь бехказло ца ло, хIунда аьлча цигахь чIогIа Iилма даьржина ду, ткъа вай Мисрехь бехказло ло, хIунда аьлча кхузахь жахIлалла ю!». ХIара дешнаш юх-юха доьшуш, ойла яйша, Мисрехь жахIлалла ю бохуш хилча, вайн цIахь ерг хIун ю ала вай?! Цунна цхьа керла дош каро ца деза вай, Мисрехь ерг а жахIлалла хилча?! Цундела хьоле а, махке а, меттиге а, адамийн кхетаме а, цигахь долчу Iилманан бараме а хьаьжжина хийцалуш а ду и хьукманаш. ТIаккха цхьана Iеламстага аьлларг схьа а эцна, я цунна тIе а тевжина, кхечунна хьукма дан гIерташ хилча а ма хуьлу лаххара барам а и хIуманаш къасто мукъане а Iилма дезаш. Цундела вайна тIехь доцучунна юкъа а ца кхийдаш, IаддаIар ду вайна Далла хьалха а цIена а, гIоли а дерг. Стагана тIехь хьукма дар иза къеданан болх бу, Iеламстеган болх а бац, царна юккъехь а къаьсттина гIараваьлла, баккхийчех верг бен хIоттош ца хилла къеда, цу къедано бен деш а ца хилла и хьукманаш. Iеламстеган болх - нахана нийсо билгалъяр, Iилма дIахьехар, цу ширкана а, керстаналлина а чуьра уьш хьалабахар бу, дан дезачехь хьукма къедано ша до. Ткъа вайн болх - вайн дин а Iамош, Iамийначух вайга балуш болу пайда а беш, дIадахар бу. Вай цу Iеламнахана а улле кхочуш дац, къеданан дарже кхачар-м гIенах а ца ган мега.

https://t.me/Vragi_iblisa
1.5K views18:05
Открыть/Комментировать
2020-11-26 20:49:23 Кхин а, ас кху чохь дуккха а дийцина, вуьштта дуьхьал къамел деш а дийцина, хьалхо сайн цхьаьнца хилла къамел даладо ас юха а масалина, иштта и хаттар къуьйсуш, ас боху цуьнга, иза кхин шечунна тIера ца ваьлча: «Хьажахьа, оцу наха шаьш деш дерг ширк дац, мелхо а, иза мегаш хIума ду аьлла тоьшаллина далош дерг нийса дац аьлла цу нахана билгалдалур дарий хьоьга? Нагахь ахь ду бахахь, билгалдехьа суна», - аьлла, ширкаш дечара шайн тоьшаллаш лоруш далочу хIуманех пхи хIума схьадалий ас цунна, - «хIинца Iилманца билгалде суна хIара тоьшаллаш нийса цахилар», - аьлла. Царех цхьана тоьшаллах лаьцна а дан къамел ца хили цуьнан. Ас боху тIаккха: «Ахь муха до такфир, шаьш деш дерг ширк дац аьлла цара тоьшаллаш лоруш далош долу хIуманаш нийса цахилар хьайга билгалдалуш а доцуш?». «Уьш нийса даций хууш ма ду», - аьлла, хьекъале жоп дели цо суна! «Хьуна уьш нийса доций хиънера аьлла, дерриг дуьненна хаа деза аьлла ма дац, я хьуна а ма дац уьш цхьана дийнахь девзина, цхьана дийнахь нисвелла хьо а ма вац», - боху ас! Иштта хьал шегахь а долуш, стага муха до кхечунна такфир, со кхета а ца ло оцу хIуманах, цу стага деш дерг мел чIогIа ширк делахь а, цо «хIан-хIа, иза ширк дац» аьлла шен далош долу хIуманаш, уьш нийса цахилар Iилманца хьоьга бух охьабиллалуш боцуш, ахь цунна хьукма муха дийр ду?! И ас къамел динарг кхин генара Iилма долуш а вац, делахь а, и Iилма шайгахь ду бохучарех а ахь цхьаъ вийцахьа суна цу ширкаш дечарна юьхь дуьхьал охьа а хиъна, и хаттар дийцалур долуш. Ван а ма вац, даккхий къамелаш дахь а. Цара шайгахь дерг дийцина цхьа бутт баьлча, цхьанхьашхула хоьттуш а лелий, интернет чухула чекх а волий, тIаккха цара бохург нийса дац-м алало хьаьнгга а, амма юьхь дуьхьал охьа а хиъна къамел деш иштта хир ма даций. Кхин а, ахь цара далош долу далил бух болуш дац, кхуза догIуш дац аларх, хьо билгалдинарг лоруш ма вац, хIунда аьлча цо а ма бохий «хIан-хIа, ду иза иштта». ТIаккха шуьшиннах бакъ-харц муьлхург ван веза ладоьгIуш долу оха, масала? ТIаккха ахь, гуттар говза а хилла, Iеламнехан къамелаш далийча, хьенехо даIиф ду аьлла, вукхо кхин аьлла бохуш, я хьенехо хIара кхуза догIуш ду аьлла бохуш, тIаккха а ма вац хьо билгалдина лоруш, я хьужжат хIоттийна лоруш, хIунда аьлча цуьнан а ма бай хьуна дуьхьал бало Iеламнах, и хьадис сахьихь ду аьлла, я тоьшаллина дало мегаш ду аьлла, я иза цига догIуш ду аьлла а. Цундела хила дезарг Iилманан къамел ду. И муха дуй, хьадис даIиф ду ахь бахахь, ахь цунна цабезаш болу АлбанийгIара а я кхиберш а ца буьйцуш, иза даIиф хIунда ду, Iиллат хIун ю цуьнан, мичахь ю, матнангахь ю, рижалашкахь ю, санадехь ю, иштта и Iиллат ю аьлла Iеламнах муьлш бу, я нагахь дуьйцург и хьадис цига догIуш хилар, цахилар делахь, иза догIуш хилар кхечу тоьшаллица билгалдар, масала, КаIб вер дуьйцу хьадисехь, АллахIана а, Цуьнан Элчанна а зен деш ву иза аьлла Пайхамара, ткъа цигахь дерг хIун зен ду? Пайхамарна лер хилла, я еттар хилла, я барт бохор хилла, иза Iеламнехан дешнашца билгал ца до, мелхо а, оцу хьадисан кхечу риваятца, я ша и «зен» боху дош Къуръан чохь кхечанхьа а хьехийначехь лууш дерг хIун ду билгалдаьлла цхьа а меттиг юй, елахь, массо меттехь цхьана кепара билгалдаьлла, я бес-бесара даьлла, тIаккха цу юкъахь доьссинчу аятехь и дош хьахийна делахь, цигахь хилларг хIун хьал дар цу хенахь, муха зен дара цара Пайхамарна деш хилларг, къаринаташ олу-кх царех, уьш ерриге вовшах а тухий, билгалдо, иштта дIа дуккха а ду уьш. Хьо цхьаъ билгалдан чувахча, цу чуьра чучча кхечанхьахула дIайсавоьду, юхаван виц а луш дуккха а хIума ду цу юкъадогIуш. Вайна ма-моьтту тIеххулара дешнашца чекхдовлуш дац уьш, доккха Iилма ду иза, цундела Iеламстеган бен цу неIарх чукхийда йиш яц, кхийдаш волчо уггар хьалха Далла хьалха шена доккха жоьпалла тIеоьцу, дуьнен чохь доккха питана а до, ша а хьере хуьлий лела, юхаван некъ а ца карош!
990 views17:49
Открыть/Комментировать