Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

_zam_zam_1414_

Логотип телеграм канала @zam_zam1414 — _zam_zam_1414_ Z
Логотип телеграм канала @zam_zam1414 — _zam_zam_1414_
Адрес канала: @zam_zam1414
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 711
Описание канала:

АллахӀа диканца бекхам бойла, дашца дина а, бусалба дин Ӏалашдиначух!

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал zam_zam1414 и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

0

2 звезд

2

1 звезд

0


Последние сообщения

2022-12-02 23:32:02 Имам Аш-Шафиlис (Аллахla къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Нах реза бар - иза шега кхачалур воцу lалашо ю».
253 views20:32
Открыть/Комментировать
2022-12-02 18:51:49 ибн-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла:

«Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат "ан-Нахьл", 58-59 аят.

Тухьфатул-мавдуд, агIо 25
362 views15:51
Открыть/Комментировать
2022-12-02 00:03:02 ибн Баттlалас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Нахана хьо хазчу юхьца, велакъажарца дуьхьал хьажар, пайхамаран (ﷺ) гIиллакхех ду. Адамера куралла дIайоккху, нахана дукхавоьзуьйту оцу хазчу гlиллакхо».
363 viewsedited  21:03
Открыть/Комментировать
2022-11-28 22:42:01
Къонахий кхио луург – Элчанан а (ﷺ), цуьнан асхьабийн а дийцаршка воьрзийла!
1.5K views19:42
Открыть/Комментировать
2022-11-28 20:58:34 «Адамашна йукъахь дин а, Ӏилма а мел ду, царна йукъахь беркат хир ду, ткъа адамаш царах дӀахадахь, беркатех а хедар бу уьш».

Шайх Солихь аль-Ӏусойми (АллахӀа Ӏалашвойла и)
795 views17:58
Открыть/Комментировать
2022-11-27 22:30:56 Имам аз-Захӏабис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Иштта Аллахӏан суннат ма ду кху дуьненчохь лелаш, ӏеламнах ца лоруш берш (царах ца бешаш, церан сий тӏе кхийдаш берш) сийсаз болуш бехар ма бу!»

Тарих аль-Ислам 256/13
778 views19:30
Открыть/Комментировать
2022-11-27 22:30:52
Шайх Солихь аль-Ӏусойми шайх Ӏабдул-Мухьсин аль-Ӏаббадаца цхьаьна гуламехь хиина Ӏаш ву.
660 views19:30
Открыть/Комментировать
2022-11-27 14:59:34 Имам Касаий (АллахӀа къинхетам бойла цунах) шен шовзткъа (40) шо кхаччалца уьстагlий дажош lу хилла ву.

Цхьана дийнахь шен жа дажийна цlа вогlуш, цхьа зуда гина цунна шен кlант Къуръан lамо вахарна тlехь сутара веш «Хьайна Къуръан lамо гlо, ца водахь воккха хилча и вогlуш волу lу санна жа дажош лелар ву хьо», бохуш.

«Сайн жехlалаллица (lилма цахиларца) наха сайца масалш далош ма ву со-м», – аьлла, шен дерриге уьстагlий дlа а доьхкина, lилма lамо волавелира Касаий.
Цунах хилира Лугlатангахь а, Къироатангахь а воккха имам.

Цхьана хенахь шен жехlалаллица масал далийна волу Касаий тахана шен lилманца а, lилма lамадарехь сутара хиларца а масалш далош хилла дlахоьттина.

Ал-жавахlиру вад-дурару либни Хьажар
615 viewsedited  11:59
Открыть/Комментировать
2022-11-26 10:27:20 АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Ламаз лардинчунна къемат дийнахь нур хир ду иза, тоьшалла а хир ду иза, Iазапах кIелхьаравалар хир ду иза.
И ламаз лар ца динчунна нур хир дац иза, тешалла а хир дац иза, я Iазапах кIелхьар валар хир дац иза цунна, и (ламаз ларцадинарг) вогlур ву къемата дийнахь Къаруница а, ФирIавница а, ХIаманица а, Убаййа ибн Халафица а».

Ахьмад: 6576, Ибн Хьиббан: 1467
552 views07:27
Открыть/Комментировать