Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Имам Касаий (АллахӀа къинхетам бойла цунах) шен шовзткъа (40) | _zam_zam_1414_

Имам Касаий (АллахӀа къинхетам бойла цунах) шен шовзткъа (40) шо кхаччалца уьстагlий дажош lу хилла ву.

Цхьана дийнахь шен жа дажийна цlа вогlуш, цхьа зуда гина цунна шен кlант Къуръан lамо вахарна тlехь сутара веш «Хьайна Къуръан lамо гlо, ца водахь воккха хилча и вогlуш волу lу санна жа дажош лелар ву хьо», бохуш.

«Сайн жехlалаллица (lилма цахиларца) наха сайца масалш далош ма ву со-м», – аьлла, шен дерриге уьстагlий дlа а доьхкина, lилма lамо волавелира Касаий.
Цунах хилира Лугlатангахь а, Къироатангахь а воккха имам.

Цхьана хенахь шен жехlалаллица масал далийна волу Касаий тахана шен lилманца а, lилма lамадарехь сутара хиларца а масалш далош хилла дlахоьттина.

Ал-жавахlиру вад-дурару либни Хьажар