Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

_zam_zam_1414_

Логотип телеграм канала @zam_zam1414 — _zam_zam_1414_ Z
Логотип телеграм канала @zam_zam1414 — _zam_zam_1414_
Адрес канала: @zam_zam1414
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 711
Описание канала:

АллахӀа диканца бекхам бойла, дашца дина а, бусалба дин Ӏалашдиначух!

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал zam_zam1414 и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

0

2 звезд

2

1 звезд

0


Последние сообщения 2

2022-11-26 01:20:41 Хьа‌физ аль-Хьакамис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хьуна хаийла, Элчанна (ﷺ) тIаьхьавозуш ерг бен Iамал къобалъеш йоций (цо диннарг дича бен).
Сахьи‌хь долчу шина жайнахь дийцина Iа‌ишата, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Вай дина доцуш керла хIума юкъадаьккхиначуьнгара – иза къобалдийр дац». Муслиман риваятехь дийцина: "Вай йина йоцуш йолу Iамал йинчуьнгара – иза юхатоьхна ю (къобалйийр йолуш яц)"».

МаIа‌рижул-къабу‌л, агIо 2/546
540 viewsedited  22:20
Открыть/Комментировать
2022-11-22 18:59:11 Шайх Iалий ат-ТIантIавийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху:

«Сайн дахаран юьххьехь сайн деца-ненаца Iаш вара со. Цу хенахь царах къаьстича я уьш боцуш со ваха а лур вац аьлла хетара суна. Цул тIаьхьа, сан да-нана дIаделира, ткъа со сайн вежаршца Iийра. ТIаккха, царах къаьстича а со ваха а лур вац аьлла хеташ вара со, амма уьш, зударий а балийна, шайн-шайн доьзалашка бирзира. Ас а ялийра зуда, йоьIарий а, кIентий а хилира сан. Царах къаьстина Iалур а вац аьлла хетара суна, амма, цара а, шайн доьзалш а болийна, хIораммо а шен-шен некъ лецира.

ТIаккха кхийтира со, адамаца цуьнан Дела воцург цхьа а вуьсуш цахилар!

Еригге а зIенаш дIахеда, Iаламийн Делаца йолу зIе йоцург».
1.2K viewsedited  15:59
Открыть/Комментировать
2022-11-22 01:00:47 Музаннис (имам аш-ШафиӀин мутаӀеламо) аьлла:

«Имам аш-ШафиӀин "Ар-РисалахӀ" цӀе йолу жайна дешнера аса пхи бӀозза (500 раз), хӀоразза а керла пайдаэцара аса, хьалха йоьшуш ца эцна болу».

Манакъиб аш-ШафиӀи, агӀо 2/236
598 views22:00
Открыть/Комментировать
2022-11-22 01:00:10
«Жабир ибн IабдиллахI цхьана баттахь некъ беш вахара IабдуллахI ибн Унайс волче цхьа хьадис схьаэца».

Сахьихь Бухарий, муIаллакъан, агIо 93
846 viewsedited  22:00
Открыть/Комментировать
2022-11-21 00:35:07 АллахӀа къинхетам бойла, вайх лаьцна дика ойла йолучунах!

АллахӀа гечдойла, вайх лаьцна доцург дийциначунна!

АллахӀа ларвойла, вайгахь гlалат гича, и гlар ца доккхуш хьулдинарг!
584 views21:35
Открыть/Комментировать
2022-11-21 00:35:05 Шайх аль-Альбанис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахӀа къинхетам бойла сан гӀалаташ а, сакхташ а суна билгалдеш волчух. Баккъалла а, суна хала дац-кх сайн гӀалат дӀадаккха, иза сайна гучудаьлча».

Ас-Сильсилату ад-доӀифахӀ, агӏо 2/5.
585 viewsedited  21:35
Открыть/Комментировать
2022-11-20 18:15:41 Кочахь жайна лелоран хьукма хӏун ду?

Турпалан кlант Фарукъ (АллахӀа Ӏалашвойла и)
524 views15:15
Открыть/Комментировать
2022-11-20 13:03:14 Хьа‌физ аль-Хьакамис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ВаллахIи, иман дуьззина бакъволу муъмин хир ма вац хьох, АллахIа хьайна фарз динарг кхочушдеш хиллалц, АллахIа хьайна хьарам диначух ларлуш хиллалц, АллахIа хьайна яздиначунна реза хиллалц, тIаккха цу дерригенех а АллахIа хьайгара цхьаъ къобал цадарна кхоьруш хиллалц».

МаIа‌рижул-къабу‌л, агIо 3/1185
845 viewsedited  10:03
Открыть/Комментировать
2022-11-19 19:07:47
Абу аль-Вафа ибн Ӏакъила шен дезткъа (80) шо долуш аьлла байт:

«Ца къанйели сан хадамалла, йа сан кхетамалла, йа сан гӀиллакхаш, йа сан тешамалла, йа сан дин, йа сан оьздангалла а...
Сан месаш бен йац хийцайелларш,
Делахь а, месийн къоьжалла къахьегарехь хуьлучу къоьжаллех тера йац».
724 viewsedited  16:07
Открыть/Комментировать