Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

ибн-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: Шена йоI | _zam_zam_1414_

ибн-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла:

«Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат "ан-Нахьл", 58-59 аят.

Тухьфатул-мавдуд, агIо 25