Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Хьадисан охlла

Логотип телеграм канала @hadis_du — Хьадисан охlла Х
Логотип телеграм канала @hadis_du — Хьадисан охlла
Адрес канала: @hadis_du
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 385
Описание канала:

Нах - дикане кхойкхуш хила хьо!

Рейтинги и Отзывы

1.67

3 отзыва

Оценить канал hadis_du и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

2


Последние сообщения 2

2022-10-04 10:45:09 Аллахlан Элчано (саллалахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Цхьа лай ма вац ша къа дина, цул тlаьхьа эца ма-дезза ламаз эцна, цул тlаьхьа ши ракаlат ламаз дина, цул тlаьхьа Аллахlе шена гечдар дехча, Аллахlа цуьна геч дира долуш бен»

(Абу Давуд 1521)

https://t.me/hadis_du
385 views07:45
Открыть/Комментировать
2022-10-03 11:04:55 Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла:

«Дийнахь бIозза (100) “Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр» аьллачуьнна:

1- Итт лай маьрша витанч санна ял хир ю
2- 100 дика яз дийр ду
3- 100 вуо дIа а доккхар ду
4- Цу дийнахь суьйренга валлалц ШайтIанах лар вийра ву
5- (Къемат дийнахь) цуьнна санна йокх ял йолуш цхьаъ вохур вац, цуьлла дукха и аьлларги бен".

(Бухарий 3293)

https://t.me/hadis_du
376 views08:04
Открыть/Комментировать
2022-10-01 10:59:08 Ибну Iаббасех (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«АстагIфируллахI дукха бохучунна АллахIа массо гаттонах паргIато йийра ю, массо сингаттамах синтем бийра бу, иштта, цунга хьесап далурдоцуш рицкъа а лур ду!»

(Абу Давуд)

https://t.me/hadis_du
330 views07:59
Открыть/Комментировать
2022-09-30 22:55:10 Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Стеган (долахь) дешех буьззина цхьа боьра деши хилча - кхин а шиъ хиларе сатосур ма-дара цо, я цкъа а латта доцучу цхьана а хIумано цуьнан кийра бузор а ма бац. Ткъа тоба дечеран тоба АллахIа къобалдо».

(Бухари: 6436, Муслим: 1049).

https://t.me/hadis_du
345 views19:55
Открыть/Комментировать
2022-09-27 11:20:29
387 views08:20
Открыть/Комментировать
2022-09-23 13:37:01
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элча (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) шина сужуд юккъехь олуш вара:

"АллóхIуммагIфир ли́, вархьамни́, ва Iáфини́, вахIдини́, варзукъни́".

(Абу Давуд: 850, Тирмизи: 284, ибн МажахI: 888)

Цу доIин маьlна "Йа АллахI гечде Ахь суна, къинхетам бе Ахь соьхь, хьал то де Ахь сан, нисве Ахь со, рицкъ ло Ахь суна"

https://t.me/hadis_du
465 views10:37
Открыть/Комментировать
2022-09-22 14:47:17 Абу СаIийда а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина,
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Бусалба стаге хIуъа дагIахь а - хуьлда и хIоттар, я хала (яхъелла) цамгар, я сингаттам, я гIайгIа, я цатам, я бала, кIохцалг Iоттадалар бен дацахь а – АллахIа, билггал, цунна дуьхьал гечдийр ду цунна цуьнан къинойх цхьадерш»

(Бухари: 5641, Муслим: 2573).

https://t.me/hadis_du
399 views11:47
Открыть/Комментировать
2022-09-22 14:45:04 Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:

«(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу ваханера со, (чIогIа) хорша хьаьдда, бала хьоьгуш волучу. Аса элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Ма чIогIа хорша ю-кха хьуна!». Цо элира: «ХIаъ, шух муьлххачул а (шозза сов бала хьоьгуьйту соьга) сан хоршано». Аса хаьттира: «Хьуна шозза сов ял хуьлуш хир ду иза?». Цо жоп делира: «ХIаъ, иштта-м ду иза. Муьлхха а шега цхьа вон деана волучу бусалбанна - (хуьлда иза лазийнарг) къохцалг я оцул а воха дерг - и бахьанехь АллахIа, билггал, гечдо цуьнан вонашна. Шен къинойх а цIанво Цо иза, охьа а эгаш уьш, шен гIанех цIанлучу диттех терра»»

(Бухари: 5647, Муслим: 2571)

https://t.me/hadis_du
354 views11:45
Открыть/Комментировать
2022-09-14 12:47:00 Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:

«Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллахlа шунa тlе lазап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и lазап дlаайдар доьхуш, амма Аллахlа шун доlана жоп лур дац.»

«Ат-Тирмизий (2169)»


https://t.me/hadis_du
436 views09:47
Открыть/Комментировать
2022-09-13 01:05:34 Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Лекхачу АллахIа аьлла:

«ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, хьо Соьга доьхуш (доIа деш) а, Соьга догдохуш-сатуьйсуш а мел ву, хьоьгара дийлинчунна гечдийр ду Ас хьуна, иза (доккха хIума дара аьлла) кхин тидаме а ца лоцуш. ХIай А́даман кIант! Хьан къинош стигланан локхалле хьалакхаьчначул тIаьхьа а ахь Соьга гечдар дехча, гечдийр ду хьуна Ас. ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, дуьне дуьззина болчу барамехь къинош а дохьуш хьо Суна доьхьал вагIахь, тIаккха цхьаъа хIуманца Соьца накъост лаьцна а воцуш хьо Суна доьхьал хIоттахь – оцу дуьненан барамехь Сайгара гечдар хуьлуьйтур ду хьуна Ас».

(ат-Тирмизий 3540)

https://t.me/hadis_du
506 views22:05
Открыть/Комментировать