Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Хьадисан охlла

Логотип телеграм канала @hadis_du — Хьадисан охlла Х
Логотип телеграм канала @hadis_du — Хьадисан охlла
Адрес канала: @hadis_du
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 385
Описание канала:

Нах - дикане кхойкхуш хила хьо!

Рейтинги и Отзывы

1.67

3 отзыва

Оценить канал hadis_du и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

2


Последние сообщения

2022-11-02 14:39:59 Аллахlaн Элчано (ﷺ) аьлла:

«Шайна молла кхойкхуш хезча, цо ма-аллара цунна тIаьхьара ала аш, тIаккха суна салават дилла аш, бакъдолуш суна цкъа салават диллинчунна Дала иттозза салават дуьллур ду (къинхетам бийр бу цунах). ТIаккха, суна «василат» (ялсаманера еза меттиг) еха аш суна, бакъдолуш иза ялсаманехь цхьа меттиг ю… Шен «васила» дехначунна шен шафаIат хир д».

(Муслим)


Жабира (АллахI реза хуьлийл цун) дийцина, АллахIан
элчано (ﷺ) элира
аьлла:

«Нагахь моллалла кхойкхуш хезначо алахь: «Я, АллахI! ХIокху буьззиначу кхайкхаман а, хIокху дIахIотточу ламазан а Дела! Мухьаммадна ялсаманехь лаккхара дарж лохьа. Кхин болучу кхолламел а лакхаваккхахьа иза. Айхьа цунна ваIда йина йолу хастамечу меттиге а кхачавехьа иза. Боккъалаъ, Хьайн ваIда йохош вац-кха Хьо!»

«АллахIумма рабба хIазихIид-даIватиттаммати вас-салатил къаимати ати мухьаммадан ал-василата
вал-фадилата, вабIасхIу макъаман махьмудан аллази ваIадтахIу, иннака ла тухлифул миIад» сан шафаIат хир ду цунна къематдийнахь»

(Ахьмад, 657, Абу Дауд, 205, ат-Тирмизи, 1164, ан-Насаи, 137-140, ибн Хьиббан, 816)

https://t.me/hadis_du
151 viewsedited  11:39
Открыть/Комментировать
2022-10-30 19:41:59 Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Бакълуьйш хила, хIунда аьлча бакълеро - дикалле кхачаво, ткъа дикалло - ялсамане кхачаво. Нагахь стаг хаддаза бакъдерг дуьйцуш велахь, хаддаза бакъонан агIо лаьцна велахь - АллахIна гергахь дIаяздина хир ду бакълуьйриг ву иза аьлла. Иштта аьшпех ларло, хIунда аьлча аьшпаша - волле (я къилахь долучуьнга, я лартIехь цахиларе) кхачаво, ткъа волло (я къилахь долучо, я лартIехь цахиларо) - жоьжагIате кхачаво. Нагахь стаг хаддаза аьшпаш буттуш велахь, хаддаза харцлеран агIо лаьцна велахь – АллахIна гергахь дIаяздина хир ду аьшпашбуттург ву иза аьлла»

(Бухари 6094; Муслим 2607)

https://t.me/hadis_du
200 views16:41
Открыть/Комментировать
2022-10-28 10:37:08 Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:

«ПIераскана дийнахь сурат «Ал-КахIф» дешначунна нуьро серло лур ю шина пIераскана дийнахь йолчу ханна».

(Ан-Наса́ий, Ал-БайхIакъий, Ал-Хьа́ким)

МаьIна: Оцу хьадисан маьIнех цхьаъ иштта ду: и доьшуш волчунна оцу шина пIераскана дийна юкъахь цуьнгара дийлинчу кегийчу къиношна гечдийр ду.

https://t.me/hadis_du
241 views07:37
Открыть/Комментировать
2022-10-20 13:56:37 АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Декхар схьадала аьтто боцуш волчунна хан елларг я цунна и Iаддитинарг, къемат дийнахь Iаршан IиндагIехь хир ву».

(Муслим, 1563)

https://t.me/hadis_du
364 views10:56
Открыть/Комментировать
2022-10-18 20:56:30 АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:

«Ша чIаран (киттан) кийрахь волчу хена Юнус Пайхамара дина долу доIа: «Ла́ ила́хIа илла́ анта субхьа́нака инни́ кунту мина-ззо́лими́йн» - ду. Боккъала а, цу (доIанца) бусулба стага хIумма а доьхур ма дац - АллахIа цунна жоп деллай бен».

(Сахьихь Тирмизи 3505)


https://t.me/hadis_du
393 views17:56
Открыть/Комментировать
2022-10-13 18:57:25 Шайх ал-Iусаймийна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ГIийбат - ламазо а, я сагIано а, я мархано а, я хьаж даро а дIа ца доккхуш долчу даккхийчу къинох къа ду».

Шархь Рия́дус-са́лихьийн, 6/109.
389 views15:57
Открыть/Комментировать
2022-10-10 22:27:23 Ибн lаббаса дуьйцу, Делан Элчано ﷺ элира аьлла:

«Шай догlмиш цlан дойла аша (Ламаз оьцила аша), Дала шу догlмиш цlандариш, Бусулба стаг керахь ламаз а долуш дlавижахь, цуьнан чухулу юхачу бедарни, цуьнан дегlани юккъахь Малайко буьйса йоккху, буьйсана ха хорцуш и меттах хьичи, цу Малайко олу: «Йа Аллахl, хьай лайна гечдехьа, ламаз керахт долуш дlавижна хьуна и»

(Тlобарони 5087)

https://t.me/hadis_du
422 views19:27
Открыть/Комментировать
2022-10-08 13:48:48 Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Алийша ла илахla иллаллахl, декъала хира ду шу.»

(Ибну Хьиббан 6562)

https://t.me/hadis_du
484 views10:48
Открыть/Комментировать
2022-10-06 12:31:31 АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Шайн цомгушчарна сагIа даларца дарбаде».

(Сахьихьул-джамиI, 3358)

https://t.me/hadis_du
416 views09:31
Открыть/Комментировать
2022-10-04 15:27:11 Ибн Ӏумара (АллахӀ реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахӀан Элчано ( ﷺ) элира аьлла:

«АллахӀа къинхетам бойла-кх – малхбузан ламазал хьалха диъ ракаӀат (суннат) ламаз диначух!»

(Ахьмад, Абу Дауд)

https://t.me/hadis_du
437 views12:27
Открыть/Комментировать