Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Логотип телеграм канала @daymohkgazet — "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ Д
Логотип телеграм канала @daymohkgazet — "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
Адрес канала: @daymohkgazet
Категории: Новости и СМИ
Язык: Русский
Количество подписчиков: 1.02K
Описание канала:

Республикин йукъараллин-политикин газет
@daymohkrg_bot - тхоьца зӀе

Рейтинги и Отзывы

1.33

3 отзыва

Оценить канал daymohkgazet и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

0

2 звезд

1

1 звезд

2


Последние сообщения 2

2022-08-31 12:03:42
Соьлжа-ГӀалахь дийцаре дина махкарчу тутмакхашка "ОНИКС" йукъараллехь а къахьегийтаран гӀуллакх.

Оцу Ӏалашонца цхьаьнакхетар хилла йуьйцучу йукъараллин а, ТаӀзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин а векалийн.

Ма-дарра аьлча, цигахь айъина "ОНИКС"-н буха тӀехь белхан (нисбаран) туш кхоллар.

Туьшахь, кхеташ ма-хиллара, тутмакхашка къахьоьгуьйтур ду.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн барт а хилла оцу декъехь - йийцаре йина туш 2023-чу шарахь кхуллур йу, цигахь къахьега 50 тутмакх а хӀоттор ву.
22 viewsedited  09:03
Открыть/Комментировать
2022-08-31 11:15:24
Нохчийчоьнан бахархошца хиллачу некъан инцидентан дакъалацархо волчу Дагестанан вахархочо шена къинтӀера довлахьара аьлла, дехаран кост дина нохчашка.

Цуьнан кост Telegram чуьрчу шен каналехь довзийтина Кадыров Рамзана.

Шегара даьлларг тӀеэцарца цхьаьна, цунна къера а волуш, дохко а волуш волу стаг гича, шена хазазеташ хилар хаийтина республикин Куьйгалхочо.

"... Вайх хӀораммо а (шина халкъан векалша) цуьнан дохковалар а, къинтӀерадахар а къобалдийриг хиларх тешаш ву со", - йаздина Кадыров Рамзана.

Иштта, республикашкарчу кегийрхошка кост а дина цо - вовшийн ларар а, халкъашлахь питанаш цадаржор а кхойкхуш.
23 viewsedited  08:15
Открыть/Комментировать
2022-08-31 09:56:09
Карарчу шарахь Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочу.

Республикин бахархоша дуьйцу цунах лаьцна.

• мотт: оьрсийн
23 views06:56
Открыть/Комментировать
2022-08-30 21:26:55
Махкара хӀусамийн-коммунальни бахаман объекташ гуьйренан-Ӏаьнан муьрана кечйаран белхаш товбецан (сентябрь) беттан чаккхенехь дӀабоьрзур бу.

Карарчу хенахь оцу декъехь жигара къахьоьгуш белхалой бу, ткъа хӀусамийн-коммунальни бахаман объектийн кийча хиларан тӀегӀа 80% тӀехь ду.

Иза билгалдаьлла ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь.

Циггахь билгалдаьккхина гуьйренан-Ӏаьнан муьрана йеккъа цхьа хӀусамийн коммунальни-бахаман объекташ кечйар тоаме хирг цахилар - дукхапетарийн цӀенош а, социальни объекташ а кечйан йогӀу.
33 viewsedited  18:26
Открыть/Комментировать
2022-08-30 20:28:00
Къоман "Дешар" проектан гурашкарчу "Кхузаманахьлера ишкол" программица йина 2 ишкол схьайиллина тахана Гуьмсан кӀоштахь:
360 меттигна леринарг - Керлачу Шоьнахь;
720 меттигна леринарг - Хошкалдахь.

Ишколашкахь бегӀийла дешаран кабинеташ а, гуламан а, спортан а залаш а, библиотекаш а, футболан а, волейболан а, баскетболан майданаш а, битаме уьйтӀеш а йу.

Ший а ишкол схьайеллар хӀокху деношкахь билгалдаьккхинчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхачарна лерина дара.

Даздаран хиламашкахь дакъалецира Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис а, Гуьмсан кӀоштан префекта Магамадов Хьамзата а, меттигерчу бахархоша а.
32 views17:28
Открыть/Комментировать
2022-08-30 15:54:34
ӀАМАЙЕ АДАМАН АНАТОМИ

• Costa spuriae • Ложные ребра (нижние пять пар VIII – XII) • Харц пIендарш (VIII – XII);

• Costae verae • Истинные или грудные ребра • Бакъ йа некхауьнан пIендарш;

• Coxae os • Тазовая кость • Йухан даьIахк;

• Cuboideum os • Кубовидная кость • КъубдаьIахк;

• Cuboideum secundarium os • Вторая кубовидная кость • ШолгIа къубдаьIахк.

Р. Берсанов
33 viewsedited  12:54
Открыть/Комментировать
2022-08-30 13:43:38
Къоман "Дешар" проектан гурашкахь кхочушйечу "Кхузаманахьлера ишкол" программица керла 2 ишкол йина Гуьмсан кӀоштахь.

Керлачу Шоьнахь а, Хошкалдахь а йолу и шиъ, кхеташ ма-хиллара, кеста дешархой тӀелаца кечйеш йу.

Оцу декъерчу белхийн могӀарехь ду царна тӀедоьлхучу некъашка силаман чкъораш дахкар а.

Цул сов, ишколийн маршруташ хӀитторан болх а дӀабаьхьна цигарчу а, кӀоштахь мел йолчу а дешаран хьукматашна лерина.
29 views10:43
Открыть/Комментировать
2022-08-30 10:59:42
Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствон штатехь йоцу коьрта говзанча эпидемиолог Муртазалиева Асет Къилбаседе-Кавказан ФО-ла штатехь йоцу коьрта говзанча эпидемиолог хӀоттийна.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана билгалдаьккхина Асета Коронавирусан инфекцица къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан секретаран даржехь а къахьоьгуш хилар.

COVID-19 республикехь йаржарца къийсам латтийна ца Ӏаш, вакцинацеш йаран а, бахархошца кхеторан болх дӀабахьаран а дакъошкахь а жигаралла гойтуш йу иза.

Ша оцу дарже хӀотторан хьокъехь дуьйцуш а йолуш, Асета цхьана хӀуманна тӀе тидам бахийтина - республикерчу эпидемиологаша бечу белхан хадийна мах иза хилар.
30 views07:59
Открыть/Комментировать
2022-08-30 10:01:23
Карарчу шарахь Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочу.

Республикин бахархоша дуьйцу цунах лаьцна.

• мотт: оьрсийн
32 views07:01
Открыть/Комментировать
2022-08-29 21:05:41
Тамаев Асхьабан а, Махмудов Дибиран а хилла дар-дацар, дижа ца дуьтуш, даржош ду хӀокху тӀаьхьарчу деношкахь.

Цхьаберш иза кхин а генадаккхаран Ӏалашо йолуш а бу. Цунна тидам бина Кадыров Рамзана.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь ша бинчу хаамехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина, Асхьаб а, Дибир а маслаӀате кхойкхуш, Дагестанан муфтин хӀусамнанас Гамзатова Ӏайнаа кост дина хилар.

Ӏайнаа цаьрга динчу дехарна тӀе тидам бахийтина Кадыров Рамзана - ший а, АллахӀан дуьхьа, вовшийн къинтӀеравалар.

Зудчо, коьртара йовлакх йукъа а кхуссуш, мостагӀалла долчарна йукъара чӀир а сацош, Кавказан халкъашлахь долчу ламастах лара шен дехаран кост аьлла, кхайкхам а бинера Дагестанан муфтин хӀусамнанас.

Цуьнца а догӀуш, Асхьабан а, Дибиран а хилла дар-дацар дӀадирзина хилар дӀакхайкхийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, оцу хиламах бахьана а дина, Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а водительшна новкъарлонаш йан дагахь болчаьрга а, питанаш ма де аьлла, дехар дина цо.

кхидӀа - комментарешкахь...
37 views18:05
Открыть/Комментировать