Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Нохчийчоьнан бахархошца хиллачу некъан инцидентан дакъалацархо | "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Нохчийчоьнан бахархошца хиллачу некъан инцидентан дакъалацархо волчу Дагестанан вахархочо шена къинтӀера довлахьара аьлла, дехаран кост дина нохчашка.

Цуьнан кост Telegram чуьрчу шен каналехь довзийтина Кадыров Рамзана.

Шегара даьлларг тӀеэцарца цхьаьна, цунна къера а волуш, дохко а волуш волу стаг гича, шена хазазеташ хилар хаийтина республикин Куьйгалхочо.

"... Вайх хӀораммо а (шина халкъан векалша) цуьнан дохковалар а, къинтӀерадахар а къобалдийриг хиларх тешаш ву со", - йаздина Кадыров Рамзана.

Иштта, республикашкарчу кегийрхошка кост а дина цо - вовшийн ларар а, халкъашлахь питанаш цадаржор а кхойкхуш.