Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Логотип телеграм канала @daymohkgazet — "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ Д
Логотип телеграм канала @daymohkgazet — "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
Адрес канала: @daymohkgazet
Категории: Новости и СМИ
Язык: Русский
Количество подписчиков: 1.02K
Описание канала:

Республикин йукъараллин-политикин газет
@daymohkrg_bot - тхоьца зӀе

Рейтинги и Отзывы

1.33

3 отзыва

Оценить канал daymohkgazet и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

0

2 звезд

1

1 звезд

2


Последние сообщения

2022-09-01 20:37:45
Карарчу шарахь 33 эзар гергга бер дуьххьара ишколе дахана вайн махкахь.

Цул сов, хӀоккху шарахь 26 керла ишкол а схьайиллина.

Дешаран керлачу шарца дешархой къобалбаран шен костехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан терахь алсамдолуш хиларх ша воккхавевеш хилар.

"... Вайн берашка тоьллачу, кхузаманахьлерчу ишколашкахь дешийтаран декъехь ницкъ мел кхоччург деш ду вай. Иштта лехамаш бара вайна хьалха хӀиттийна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас", - йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Цул сов, дешаран дакъа кхиийтарна а, кхиорна а тӀехь боккха тидам а, терго а латтош хилар а хаийтина республикин Куьйгалхочо.

"... Республикин кхане хьекъалечу, дешарехь лакхенаш йаьхначу чкъурах тешо йезаш йу", - тӀечӀагӀдина Кадыров Рамзана.
5 viewsedited  17:37
Открыть/Комментировать
2022-09-01 18:31:51
Мухьаммад Пайхамаран ﷺ дахар довзийтаран "Сахьихь аль-Бухари" жайнин цхьа гоч экстремизман материалийн могӀаре тохаран хьокъехь дӀахьедар Парламентан спикера М.Даудовс а дина.

Цо билгалдаккхарехь, оцу хаамна чӀогӀа реза боцуш, дарбелла бу Россера бусалбанаш, хӀунда аьлча, Сийлахь Къуръан дӀадаьлча, шега болчу ларамца 2-чу меттехь лаьтташ ду и жайна.

И гӀуллакх пачхьалкхан куьйгалло а, Президентан администрацис а тесна дуьтург хилар ца хета шена аьлла, Кадыров Рамзанан а, суьдан кхиэл йемалйаран хьокъехь долу Межиев Салахь-Хьаьжин а дӀахьедарш къобалдар а хаийтина Даудов Мохьмада.

"Оха, НР-н Парламентан депутаташа, цхьабосса къобалдо НР-н Куьйгалхочун Р.Кадыровн а, Муфтин С-Хь.Межиевн а дӀахьедарш. "Сахьихь аль-Бухари" жайнин гоч экстремизман материалийн федеральни могӀаре тохаран хьокъехь болу суьдан сацам, хьокъала болччу Ӏеламнахах пайда а оьцуш, йухаталла безаш бу", - билгалдаьккхина цо.

Иштта, оцу декъехь нийсо а, бакъо а толорхьама оьшшу гӀулчаш НР-н Парламента йохург хилар а дӀакхайкхийна М.Даудовс.
13 views15:31
Открыть/Комментировать
2022-09-01 15:53:03
Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхачарца а догӀуш, Россехь арахоьцур йу почтин керла марка.

100 соьман тӀегӀанехь йолчу цунах "Россин Почта" йукъараллин балха тӀехь пайдаэца йиш хир йу.

Билгалдоккху иштта маркаш кӀеззигчу барамехь бен арахоьцург цахилар - 23 эзар марка.

Карарчу беттан 6-гӀа де чекхдаьлча дуьйна арахеца а, дӀасайаржо а йолор йу уьш.
18 viewsedited  12:53
Открыть/Комментировать
2022-09-01 12:42:17
Нохчийчоьнан пачхьенехь туризм кхиоран гӀуллакх дийцаре дина Соьлжа-ГӀалин мэрехь.

Айъинчу гӀуллакхийн могӀарехь, шайна тӀе къаьсттина тидам бахийтар а догӀуш, масех хӀума дара:
Туристийн духар;
Ингалсан мотт;
Кехатца доцу ахча.

Духаран хьокъехь аьлча, цхьаьнакхетаран дакъалацархоша билгалдаьккхира туристийн духар а вайн бахархойн духаран вастаца догӀуш хила дезар.

Ингалсан меттан хьокъехь аьлча, дакъалацархойн барт хилла кафешкара а, ресторанашкара а менюш а, хаамийн аннаш а ингалсан маттахь а хила дезаран хьокъехь.

Цул сов, бегӀийла хир ду церан белхахошна а ингалсан мотт хаар.

Иштта, гуттар а кехатан ахчанаш лелорах гӀуллакх хирг цахилар а хьахийра - бахархойн а, хьешийн а, туристийн а хьелаш кхочушдечу хьукматашкахь кехатца доцу ахчанаш схьаэцаран хьелаш кхоллар а тӀедожийна.
22 viewsedited  09:42
Открыть/Комментировать
2022-09-01 10:58:51
Карарчу шарахь Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочу.

Республикин бахархоша дуьйцу цунах лаьцна.

• мотт: нохчийн
22 views07:58
Открыть/Комментировать
2022-09-01 09:54:33
Украинехь а, Донбассехь а дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан могӀарехь тайп-тайпанчу халкъийн векалш хилар, шайн Ӏалашо Донбассерчу бахархой ларбар а йолуш.

Иштта, Россин спецназан университетехь (Гуьмсе) уьш Ӏаморан болх дӀабахьар а тӀетоьхна цо.

Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада а, вице-премьера Висмурадов Абузайда а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана а.
24 views06:54
Открыть/Комментировать
2022-09-01 05:52:00
Экстремизман материалийн федеральни могӀаре "Сахьихь аль-Бухари" жайнин цхьа гоч а даккхаран хьокъехь Нохчийчоьнан Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин дӀахьедар довзийтина Telegram чуьрчу шен каналехь Кадыров Рамзана.

Цул сов, хааман оцу костехь шен хьежам а гайтина республикин Куьйгалхочо.

"... Бу бохуш болу Ӏеламнах тап-аьлла Ӏийна хиларца а догӀуш, оцу балхана хьокъала доцчу экспертизе гӀо дехна кхиэлахоша", - йаздина цо.

Иштта, "Сахьихь аль-Бухарин" хьокъехь дуьйцуш, Делан Элча волчу Мухьаммадан ﷺ дахаран хьокъехьчу хьостанех бакъ-хьоста иза хилар а чӀагӀдина Кадыров Рамзана.

Буьйцучу суьдан сацамна тӀе пачхьалкхан куьйгалло а, Президентан администрацис а тидам бохуьйтург хиларх ша тешаш хилар а хаийтина цо.

"Тхан ларамечу Муфтис шайх Межиев Салахь-Хьаьжас билгал ма-даккхара, оха, Россерчу бусалбанаша, и сацам йемал а бо, иза хийцар а доьху, тхайн кхайкхам дӀахезарг хиларх тешаш а ду", - дерзийна шен кост Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

• мотт: оьрсийн
23 viewsedited  02:52
Открыть/Комментировать
2022-08-31 23:00:02
СоьлжагӀалахойн толамца дӀадирзина тховсалера цхьаьнакхетар.

Пачхьенерчу "Ахмат Арена" стадионехь, Россин футболехула йолчу Кубкан гурашкахь а долуш, ловзар хилира "Ахмат" ФК-н а, "Оренбург" ФК-н а.

Чот 3:1 а йолуш, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, "Ахматан" толамца дӀадирзина иза.
13 views20:00
Открыть/Комментировать
2022-08-31 16:53:45
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера гӀоьналлин акци дӀайаьхьна Луганскан Республикехь.

Меттигерчу Халкъан милицин эскархойн 2-чу корпусан бӀаьхойн берашна ишколе кхоьхьу портфелаш йелла.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, бераш ишколашка дахийта оьшуш болу гӀирсаш Донбассехь кхачаме цахиларе терра, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу фондо дӀайаьхьна акци доккха маьӀна долуш йу.
17 viewsedited  13:53
Открыть/Комментировать
2022-08-31 15:11:42
Карарчу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь билгалдоккхур ду Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачар.

Иза 30.11.1922 - 15.01.1934 шерийн муьрехь лаьттина, 1934-чу шарахь ГӀалгӀайн автономин область вайх схьатоххалц.

Муха хилла иза?!
Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн автономин область 1922-чу шеран лахьанан беттан 30-чу дийнахь кхоьллина.

Автономин администрацин хьукматаш Соьлжа-ГӀалахь хиллехь а, ша Соьлжа-ГӀала Нохчийн автономин областана йукъайогӀуш хилла йац.

Делахь а, Соьлжа-ГӀала а, Соьлжин гӀалагӀазкхийн округ а Нохчийн автономин областана йукъатоьхна 1928-1929-чуй шерашкахь.

Ткъа 1924-чу шарахь кхоьллина хилла ГӀалгӀайн автономин область вайх схьатоьхна 1934-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь.

Иштта кхоллайелла Нохч-ГӀалгӀайн автономин область, 1936-чу шарахь шех советийн социализман автономин республика а хуьлуш.
22 viewsedited  12:11
Открыть/Комментировать