Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

«Со санна Дела къинтIера волийла хьуна!» - аларехь, ца мегаш х | Аллахlан цlерш

«Со санна Дела къинтIера волийла хьуна!» - аларехь, ца мегаш хIумма а дац. Цхьана адам хьаккъах тасалуш ахьа къа латийнехь, цо ши хIума чулоцу: Цу адамана зулам дар а, Далла Iеса валар а. Адамо шена диначу зуламах гечдича, цунна зулам дар бехк тIера болу хьуна, амма хьо Далла Iеса хилар дисина ма ду. Вовшашна вай къинтIера довларах, вовше зуламаш ма де аьлла нехIю дина Волучу АллахIан хьакъ ма диссина хьуна тIехь. Шена лаахь Дала гечдийр долуш, Шена лаахь Iазап лура долуш. Муххале а, и алар хаза доIа дар ду-кх.