2022-04-27 13:31:22
الصَّمَدُ ﷻ
[Массо хlума Шега хьашта долуш, Ша цхьаьннега хьашт воцург ву И]
Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Шех тоам болу АллахI ву И. [Ихлас]
Эла ву И, Шен Делалла дуьззина волу; Хьикматениг ву И, Шен хьикмат дуьззина волу; Къинхетамениг ву И, Шен къинхетам буьззина волу; Комаьршаниг ву И, Шен комаьршалла юьззина волу; Хьал дерг ву И, Шен массо кхолламаш шега хьашта мел долучу хlуманга, хlуммане а хьашта воцу, мелхо, массо кхолламаш, шайн дерриге хьаштонаш Шега дерзош верг ву И. Дегнаш Шега кхерамца а, дог-йовхаллийца а туьйжург ву И.
«ас-Самад» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь цкъа хьахийна.
https://t.me/Asmaul_husna
1.7K viewsStudent, 10:31