2022-05-03 23:58:09
йа Аллахl нийс некъ гайтахьа суна, нийса некъ тlе нис ехьа со .
йа Аллахl дика белхаш байтахьа соьга, дика lибадаташ дайтахьа соьга , вуо белхаш lад дийтахьа соьга, вуочу белханашшехь гена яккхахьа со, миска нах безар ло Ахь сун, гlийла нах безара ло Ахь сун, гаьч де Ахь сун йа Аллаxl къинхетам бехьа соьх(
йа Аллахl ас доьху Хьоьга Хьо везар, Хьо везаш верг везар, Хьо везарна со герга юьгар йолу Iамал а езар».
йа Робб, ма хуьлийла сан дагчохь кхин сингаттам а, кхин гlайгlа а.
Хьо ган лааро, Хьо реза ван лааро бен ма лозийтийла сан дог а
يَا مُقَلِّبَ القُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى
«Тхан Дела! Гечде Ахь суна а, сан дена-нанна а, муъманашна а хьесап хIуттучу дийнахь!».
«РоббанагIфирли́ ва ливáлидаййа ва лилмуъмини́на йавма йакъýмул-хьисáб».
йа Аллахl, хlар са мотт гlийбатах лар бе ахь, кху са багхул хьо реза волу дош бе ма далийта йа Робб
йа Аллахl сан дагчохь хьо воцарг цхьаа ма хилийт Ахь!.
йа Аллахl, даиман хьо хьехавечарех йе Ахь со, даиман хьо дагахь волчарех йе Ахь со.
йа Робби, йа Аллахl
Хlар дог даиман хьуна сагатдеш доьлхучарех де ахь са.
Хьо цкъа а виц ца лучарех йе Ахь со.
йа Робби, йа Аллахl
Хьо веза ма веззара везачарех йе ахь со.
Хьайх кхера ма еззара кхоьручарех йе ахь со.
Хьайна тleтевжачарех йе ахь со, йа Робби, йа Аллахl.
йа Аллахl, и иблис цкъаа диц ма далийт Ахь сун, цун агlор даимна сем йе ахь со.
йа Аллахl, цуьн сун тlехь ницкъ ма ло Ахь, цуьн са дагчу кхоч некъ дlакъовла Ахь.
йа Аллахl ,нийса кхетам таса Ахь сан дагчу, сан син вонах лар а е ахь со.
йа Аллахl, Хьа ойла йечур ма йакх ахь со. йа Аллахl, хьо воцуш йовр юкх со, сан дахар доьхна хир дукх Ахь со lад йитахь.
йа Робби, йа Аллахl..
Хьо везар массо а хlyманал хьалхара де Ахь сан
Хlай дегнаш хуьйцуш верг, сан дог хьай дин тIехь чlагl де ахь.
265 views20:58