Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

text.nazam

Логотип телеграм канала @textnazam — text.nazam T
Логотип телеграм канала @textnazam — text.nazam
Адрес канала: @textnazam
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 1.08K
Описание канала:

Все тексты назмов, в письменном виде!

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал textnazam и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 2

2022-02-25 15:37:27



Полное видео с текстом
3.1K viewsАли Абубакаров, 12:37
Открыть/Комментировать
2022-02-13 16:15:20 Боккхачу белхи Да вукха хьо Ва Везин Дели, Хьо воцчуьнга ялур йоцуш кху лаьтти букъа т|ехь, халкъаш |аламаш кхоьллина, оцу халкъи |алами ше ше тайпа къастийна, ше ше тайпа къаьмнишна бийца мот |амийна, айхьа кхоьллина долчу |алами, ше юьхь цхьа буо са йоцуш, ши дег| терзан т|ехь цхьа буо са доцуш, ши дог ойланци цхьа буо са доцуш, ше ше сипаташкахь, ше ше г|иллакхашкахь, ше ше хьекъилшкахь, ше ше амалшкахь, и дерриг |алам г|аттийна, б|аьргана са гайтина, лергана хазийтина, багар мот ле ба хабар |амийна, меженаш нис йина, мулканаш та йина, са да|ар та дина, серлонга даьхна, даа даар делла, мала малар делла, доха духар делла, суьйренца чу дерза йовха х|усамаш елла, д|а дийша к|еди меттиниш делла, тхо дийшина |ехкарах, тхуна зулам да т|е г|ерташ х|умма а доцуш, тхо лардеш тхуна накъостий бина, хьай Малийкаш, Оьвлияаш, д|а хиттийна, |уьйренашца, вочунна к|еззиг йоцуш, дикчунна алсам йоцуш, хьай нур дашо маьлхи серло, хьай |аламехь цхьа босса къага еш, цу маьлхий серлонехь тха дог|миш г|итта деш, цу маьлхий серлонехь лаьтти букъа т|ехь мел долу х|ума кхиа деш, Къинхетаме вукха хьо Везин Дели, Боккхачу белхи Да вукха хьо Ва Везин Дели,

Боккхачу белхи Да вукха хьо Ва Везин Дели, Яй т|ера ниг|ар д|а эцаре терри, кху дуьненчу цхьана маь||ера шело чу хоьций, ахь и шело дуьненчу яьккхина ч|аг|о схьа йийца, Я Аллах| хьо воцург Да воцуш, шелоно ч|алло, т|улги ламанаш лоьлхуьтуш, шелон ч|аг|алло охь доьду даккхий хиш г|ора дойти, совца дойти, цу шелона ч|аг|онца, яр |аьржи латта, г|ора дойте д|а хьарча дойте, |аьржичу латтане са до|ийтуш, |уьйренца х|усам Нанас д|а хьерчо мот санна, и шело ше замангахь хьарча йой, цхьан метте чу яржа йой, шелоно г|орина човхийна са д|а даьлла латти чу, |аьржачу латти чу са дала дой, сийна баьццара бес бесар заза юкъе долийте, Ялсаманехь даттачу духина хьожунца, Яр дуьне та дой, нуьре кеч деш, дох деш д|а хоттош вукха хьо Ва Везин Дели,
Боккхачу белхи Да вукха хьо Ва Везин Дели,

Боккхачу белхи Да вукха хьо Ва Везин Дели, Хьашож б|аьрг боцуш, боккхуш ког боцуш, тоьхнарг т|ам боцуш, ле беш мот боцуш, тхуна гуш д|аса хьуш кад, |аьйг, пхьег|а йоцуш, хьалха ваьлла д|а узуш да воцуш, т|ехьа х|оьттина т|е лоьхкуш да воцуш, хьаваэра и мархаш х|ордаш чу хитта еш, цаьрги цу чура хиш оьцитуш, юха и мархаш хьаваэ лохкий, и мели дог|а кху латти т|е делха деш, цу дог|анах кху латти т|ехь мел долчу х|умана рицкъ а дой и царна д|а доькъуш, кхачаме вукха хьо Везин Дели, Боккхачу белхи Да вукха хьо Ва Везин Дели,
3.4K viewsАли Абубакаров, 13:15
Открыть/Комментировать
2022-02-13 16:15:05 • Али Амиров

Вай Дала къемат де хотточу дийнахь, Дала Джабаил Малик хьажор ду, И вай Элчи Мухьаммад г|атта ве аьлла, (Я Расулуллах| Ва Дела Элчи,
Вайна тахана и доккху къемата де ду хьуна, хьоьги боху вай Дала, хьо Хьала г|аттахьа, 2 раза ).

Я Джабраил, Тахана кху лаьтти букъа т|ехь цхьа ч|ог|у тата ма дели, и ше г|или уммат бале лоцуш де теша и тата, ( Хьа г|ийли уммат бале лоцуш, дац хьуна и тата, Дена, Нанна дика хилла доьзулаш даржехь лакха бохуш ду хьуна 2 раза ).

Я Джабраил, шолаг|а кху лаьтти букъа т|ехь цхьа ч|ог|у тата ма дели, и ше г|ийли уммат бале лоцуш ду теша и тата, ( Хьа г|ийли уммат бале лоцуш дац хьуна и тата, Лулахошца дика хилла Лулахой даржехь лакха бохуш ду хьуна 2 раза ).

Я Джабраил, оцу ше г|ийли умматах ши дакъа дичи, цхьа дакъа тахана т|е лоцур аьлла варкха, Абу-Бакар Сиддикъ, ( Хьала г|атте, оцу ше г|ийличу уммати долу де боху, алахьа цуьнги 2 раза ).

Я Джабраил, оцу ше г|ийличу умматах кхо дакъа дичи, цхьа дакъа тахана т|е лоцур аьлла варкха, |умаруль-Фарукъ, ( Хьала г|атте, оцу ше г|ийличу уммати, долу де боху, Алахьа цуьнги 2 раза ).

Я Джабраил, оцу ше г|ийличу умматах диъ дакъа дичи, цхьа дакъа тахана т|е лоцур аьлла вар-кха, |усмануль-Зинури, ( Хьала г|атте, оцу ше г|ийличу уммата долу де боху алахьа цуьнги 2 раза ).

Я Джабраил, оцу ше г|ийличу умматана ц|елуш, |аржлуш оьхаз оьхуш, и жоьжаг|аташ т|е г|ерта йоьлчи, умматани жоьжжаг|атани юккъе хуттур ву аьлла вар-кха Муртазал-|ели, ( Хьала г|атте , оцу ше г|ийличу умматана чу г|ерташ йолчу жоьжаг|атана доьхьал вала боху алахьа цуьнги 2 раза ).

Я Джабраил, Хьо хила ма еза |елина ц|ин Нана ше Пет|имате аьлчи, хир яц аьлла и доьхьал яьлчи, |елера Пхи б|аь шай ша эцна ма ваьлла хила еза хьо шега аьлчи, |ели Пхи б|аь шай хьашт долуш яций ша, хир яц аьлла и доьхьал яьлчи, Дуьнена Паччахь а, Мулка Да йир ю хьо, Фирдаус Ялсамане Мулка да йир ю хьо аьлчи, и реза ца хуьлуш доьхьал яьлчи, азаллехь дала хоттийна кхел, и лаьттиш ю йоха йиш йоцуш, х|у аьлча хир ю хьо шега аьлчи, таханалерачу доккхачу къемат дийнахь, Уммат бахьанехь ше Дада г|айг|ане хьийза воьлчи, ше Дади г|ийли Уммат шена урдонна дилличи, хир ю аьлла яркха и ше йо| Пет|имат, ( Хьала г|атте, и хьайна урдонна делла, хьай Дади г|ийли Уммат, схьа деха боху алахьа цуьнги 2 раза ).

Я Джабраил, Диъ Малик теш долуш, Тха Нени Да теш волуш, Тха Нанна урдонна делла уммат, дуьтур дац аьлла вар-кха, и Хьасайн, и Хьусайн, ( Хьала г|атте, и шай Нанна урдонна делла, Шай Нени Де уммат схьа деха боху, алахьа цу шинги 2 раза ).

Боккхачу белхи да вукха Ва Везин Дели, Боккхачу, белхт да вукха хьо Ва Везин Дели, Хьо воцчуьнги сеца лур йоцуш, хьаваэхь и сийна стигланаш х|иттийна, И стигланаш ахь х|иттийна ч|аг|о схьа йийца Я Аллах| хьо воцург да воцуш, И стигланаш ахь стенах кхоьллина хаа, Я Аллах| хьо воцург да воцуш, Оцу ше стиглани латтани барам хаа, Я Аллах| хьо воцург да воцуш, Оцу стигланашкахь долу беркате нуьре хьелиш, массо аг|ор ше ше меттехь х|оттийна, дагар дина ара ваьлла, цу хьелишна да хилла д|а хотта Я Аллах| хьо воцург да воцуш, Айхьа хьай ницкъаца кхоьллина даз дина кеч дина, д|а хоттийна долчу кху дуьнена, ше дозаллий терзи барам хаа Я Аллах| хьо воцург да воцуш, Боккхучу белхи Да, Вукха хьо Везин Дели,
2.8K viewsАли Абубакаров, 13:15
Открыть/Комментировать
2022-02-13 16:13:36
2.6K viewsАли Абубакаров, 13:13
Открыть/Комментировать
2022-02-12 23:19:59 • |имран Атагинский

Дуьнена не|мато цхьан дийнахь вела во,
Марзонаш сов йохуш |еха веш лела во,
Лаилах|аиллаллах|
|еха веш лела во,
Лаилах|аиллаллах|

Цхьан дийнахь велийчи шин дийнахь велха во,
Хиларо |ехичи валаро кхача до,
Лаилах|аиллаллах|
Валаро кхача до
Лаилах|аиллаллах|

Г|ийли миски мел вериг хьал дериг ца къестош,
Массо а ше рог|анца валаро д|а вуьгу,
Лаилах|аиллаллах|
Валаро д|а вуьгу
Лаилах|аиллаллах|

Дуьненчохь хьа денош дагар деш ду хьуна,
Совнаха де даккха йиш йолуш дац хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Доккхитур дац хьуна,
Лаилах|аиллаллах|

Хьа са да|ар дагар деш Малийкаш ду хьуна,
Кхачийна хьо ваьлчи хьо кхалхор ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Хьо кхалхор ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|

Хьо ваьхначу х|усамех хьо вуккхур ву хьуна
Доьзулах Дех Ненах хьо къастор ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Хьо къастор ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|

Ахь йина ойланаш к|ел юьсур ю хьуна,
Хьай ойла та елахь,
Лаилах|аиллаллах|
Хьай ният та делахь,
Лаилах|аиллаллах|

Бехичу цу новкъа хьо воккхур ву хьуна,
Безарех боьвзарех хьо къастор ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Хьо къастор ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|

Цу кешний хьараме хьо воссор ву хьуна,
Готтачу латти чу хьо вуьллур ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Оц Денна кеч лолахь,
Лаилах|аиллаллах|

Мункаро, Накиро барт хоттур бу хьоьги,
Хьа накъост хин вериг хьа Устаз ву хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Хьай Устаз лар велахь,
Лаилах|аиллаллах|

Къемат де деношлахь хала де ду хьуна,
Хьа дег|а меженаш теш х|иттор ю хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Оц денна кеч лолахь,
Лаилах|аиллаллах|

Да, Нани доьзулех д|а уьдур ду хьуна,
Доьзулаш Дех, Ненах д|а уьдур бу хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Оц Денна кеч лолахь,
Лаилах|аиллаллах|

Доттаг|чо ше доттаг| д|а тосур ву хьуна,
Байтамал цу дийнахь дукх бохур ду хьуна,
Лаилах|аиллаллах|
Оц Денна кеч лолахь,
Лаилах|аиллаллах|
2.8K viewsАли Абубакаров, edited  20:19
Открыть/Комментировать
2022-02-12 23:19:45
2.9K viewsАли Абубакаров, 20:19
Открыть/Комментировать
2022-02-08 23:36:54 Шозлаг| марха ма йоьссир, хьалха санна кху лаьтти,
Цу мархийца ма воьссир сий долу Нохь Пайхамар,
Пайхамараш ма биссир вай Пайхамар ма воьссир
Малийкаш ма диссир, Джабраил Малик ма доьссир,

|ели Хьасайн ма воьссир и Пет|имат ма йоьссир,
Цо кара хьала ма ицир, и Хьусайна ва корта,
Ше мара ва къуьйлуш, и Пет|имат ма йилхир,
|ели Хьасайн ма вилхир, Вай Элчи ша ма вилхир,

Пайхамараш ма билхир, Вай Майхамар ма вилхир,
Малийкаш ма дилхир, Джабраил Малик ма дилхир,
Маликаша ма элир, Оцу вай Дела Элчане,
Хьо воьлхучур ца сацахь, шайна дала х|у дир ду

Ша вахана т|е кхитир Элчана шена геч дар ва доьхуш,
Хьо царех вуй аьлла цо шеги ма хаьттир,
Царех ву ша ва аьлла ша цунна жоп ма делир,
Ше вортан чу куьг тоьхна, цо ша бертал охь туьхир,

Жоьжаг|ати ц|е хилила хьо, цо шеги ма элир,
Цундели воьлху ша, х|ай Сулиман Акмаши,

Карбалай арахь Язита Эскиро шайна гуо лаьцначу дийнахь, Ва Язит шайна гуо х|унда леци те ахьа, ша лаза ва х|унда г|ерта те хьо, долучу |аламо ше шафа|ате дог дог|ун вериг, ше Нени да Мухьаммад вуйла ца хаьа те хьуна, Дукха везаш элчано ше карахь марахь ловзийнариг ша вуйла ца хаьа те хьуна бохуш, Ше дег|ера мели ц|и лаьтти охь дола деллачу хенахь, Дела Элчана йоь|а к|анта Хьусайно, ма г|ийли Элир хьо,
Лаилах|аиллаллах|,

Лаилах|аиллаллах|
Лаилах|аиллаллах|

Цхьана дийнахь Джабраил доссийна Дела Элчи ша юьстаг| ваьллачу хенахь, Хьа ведла Дела Элчана карахь марахь ловзуш, И Хьусайн Элчана кара охьа хиина ваьлчи, Я Мухьаммад яр Хьусайн дукха везий хьуна, Хьа Умматах болчу Мунафикъ Наха кху Хьусайна корт боккхур бу аьлчи, Шена т|ера коч яша еш, сов дукха вилхинчу Дела Элчано, Ма хаза элир хьо,
Лаилах|аиллаллах|,

Лаилах|аиллаллах|
Лаилах|аиллаллах|

Цу Хьусайна корт баьккхинчу неха ч|ир эцарах, Дала шена х|у жоп лур ца хууш, Везин Дели ахь пурба лахьари, ше т|емишца латтанаш бух дохур дар ша бохуш, Дала шена жоп ца луш Хьусайна йоьхье б|аьрг бетташ, Джабраил Малийко ма хаза Элир хьо,
Лаилах|аиллаллах|,

Лаилах|аиллаллах|
Лаилах|аиллаллах|

Дуьненчохь йоккху хан
Я Аллах| Дели,
Ше чакх яла ва яьлла
Я Аллах| Дели,
Хьайна дуьхьал веъначу
Я Аллах| Дели,
Тха вешина геч дехьа
Я Аллах| Дели,

Ше Устаза |уналле
Я Аллах| Дели,
И тха ваша кхача вехьа
Я Аллах| Дели,
Дала долуш хьо ма ву
Я Аллах| Дели,
Дала йиш ерг хьо ма ву
Я Аллах| Дели,

Хьа г|ийли лайш кхойкху хьоь
Я Аллах| Дели,
Миски дехар лохьа тхуна
Я Аллах| Дели,
Хьоьги г|ийли ца дилхичи
Я Аллах| Дели,
Кхи делхийла яцар-кха
Я Аллах| Дели,

Ахь къинхетам ца бичи
Я Аллах| Дели,
Довла меттиг яцар-кха
Я Аллах| Дели,
Ахь комаьршо ца йичи
Я Аллах| Дели,
Кхи делхийла яцара
Я Аллах| Дели,

Лаилах|аиллаллах|
Лаилах|аиллаллах|
3.0K viewsАли Абубакаров, edited  20:36
Открыть/Комментировать
2022-02-08 23:36:54 • Халид Ведзижев , У Мамиловых .

Алхьамдулиллах|
Алхьамдулиллах|
Ма ч|ог|а юьцукха жоьжаг|теш , Ма хала дуьйцу-кха къемата доккху де, х|у гур ду техьа, х|у хир ду техьа, са гатлуш вай ша-ма, са хьийзаш вай ша-ма, Ва Сесинара воккху Хьажи, Хьо ма хьалхе кхера велла, хьо ма сих кхера велла, Субхьаналлах| аьлчи хьалха боьвриг болуш дукха нах бу хьуна, Алхьамдулиллах| аьлчи хьалха боьвриг болуш дукха нах бу хьуна, Аллах|у Акбар аьлчи хьалха боьвриг болуш дукха нах бу хьуна, Цу Дела сийлаллора, Деригге Дели |алам дехьа ца долуш дисичи, х|окху ше ча|и юкъе хьарчийна, Дала ше моссу |алам дехьа даккха, пурба лун дериг ву хьуна ша-ма аьлчи, и алийта валина вар хьо ша, и дийцита хьоьги кхайкхина вара ша, Дала хьо воцуш ма вуьтийла ша Киши во| бохуш, Сесинарчу воккхучу Хьажис ше мара воьллина вериг, Цхьа к|еззиг вовзитарна ,
Алхьамдулиллах|

Алхьамдулиллах|
Алхьамдулиллах|

Хьа вели бахьан долуш , ахь тхуна юкъ диллинчу гергарлона ,
Алхьамдулиллах|,

Алхьамдулиллах|
Алхьамдулиллах|
Са далар халонаш, барт хаттари ч|аг|онаш юьцуш, къемат ден кхерам буьцуш, боьлхуш бекаш |елим нах, Вовше дага буьйлучу хенахь, Ше Устаза ма алларе дийца воллу ша, Сарахь Суьйренца, Беригге доьзул чу берзина, Кхача кечбеш х|усам Нана йолуш, Х|ора доьзалхочун, Йоьхь доьхьал хьоьжуш, ше доьзалхочух ирс оьцуш, Цхьа а т|ера эшийна воцуш, Ша муха |аш хир вар Керим, Парг|ат доьзулна юкъе |аш волу Да санна, Са даларни Барт хаттарни Къемат Денни, Парг|ато йолуш вацахь, Д|а хоийла цу къонахчун, Ша Устаз ву алар там бац хьуна бохуш, Каримехула, ша везачу тобуна кхаъ баьккхина вериг, Цхьа к|еззиг вовзитарна,
Алхьамдулиллах|

Алхьамдулиллах|
Алхьамдулиллах|

Ше г|ийличу доьзули дог хьаста вай Делах, Пайхамарах эхь хеташ, х|ар Дуьне мел ду вахана лелаш вериг къобул вайтарна ,
Алхьамдулиллах|,

Алхьамдулиллах|
Алхьамдулиллах|

Г|елаллица цу г|айракх коьрте хьала воле, Деле хьеста луш долу жима бер санна, вай Деле хьаста вале, Дели г|опе кхойкхуш воьлхуш, Цу г|айракх коьрте ша хьала вуьйлуш, кхо бут, ит де, (3 месяца, 10 дней) зама д|а яьллачу хенахь, Са вазаллора са Вели Киши во| Ахь мел дехнариг хьуна лур долуш хьа Дели вай ша-ма, Хьа дехахьа шегара аьлчи, Везин Дели, хьай ворх|е стигланал, Ворх|е латтанал, Хьай |аршел курсел, Хьай массо х|уманел, Доккху дай цу къемата ден ше дег| кхоллахьа бохуш, Хьа элчана Умматех, цхьа а дег| жоьжаг|ата ца дахийта, и ше доккху дег|, жоьжаг|ат чу та|ийна, жоьжаг|ате хьала юза воллу ша бохуш, Хьа Элчана умматех цхьа а дег| жоьжаг|ата дахна, Хьа Элчана б|аьргех хин т|адам баларна кхоьруш, г|ийли эшириш йиттина вериг, и тха Хьажи хиларна,
Алхьамдулиллах|

Алхьамдулиллах|
Алхьамдулиллах|

Хьуни хьа лайни юкъе вули, Лайни гергарло хаз деш та деш вериг, Цхьа к|еззиг къобул вайтарна,
Алхьамдулиллах|

Маккахь Хьаж деш хиллера, Макки чур цхьа |арабо,
Цо олуш Ма хилла Авапехь гуо боккхуш,
Дели суна геч дехьа, сунам геч дар ца моьтту,
Элчи ахь сун г|о делахь, сунам г|о дар ца моьтту,

Т|аккха цунна т|е веар Шайх-Сулиман Акмаши,
Цо цуьнга ма элир Хьажи ц|а дай х|ара ма,
Дала суна геч дир дац боху меттиг яц хьуна,
Деле геч дар дехалахь, Дала геч дир ду хьуна,

Х|ай Сулиман са къинош Стигланал лекхи ду,
Х|ай Сулиман са къинош латтанал дези ду,
Х|ай Сулиман са къинош х|орданал даккхи ду,
Дог диллина вай ша-ма, ша-ма дуьцур ду хьуна,

|ели во| Хьусайн вина цуьна корта баьккхина,
Язит волчу баьхначех, ца| вай ша-ма Сулиман,
Дашо теса биллина цунах даре хьарчина,
Язит волчу баьхначех ца| вай ша-ма Сулиман,

Тамашийна нур дара, цу Хьусайна коьртаци,
Цу Хьусайна коьртаха кхера делла дара тхо,
Боху Язит г|аттийна Хьажахьа Язит кху коьрте,
Тамашийна нур ма ду кху Хьусайна коьртаци,

Язит кхера веллера корта ара баккхийтира,
Даар малар хоттийна цунна хехой хиттир цо,
Шозлаг| буьса т|е кхаьччи хехошна наб ма кхитир,
Цун сингаттам сов баьлла ша наб кхеташ вацара,

Стиглахь г|овг|а ма елир, Лаьтти марха ма йоьссир,
Цу мархийца кху лаьтти цхьа нуьре стаг ма воьссир,
Дашо г|анташ хиттийна лаьтти даре тесина,
Воссал Адам цо элир, т|аккха адам ма воьссир,
2.8K viewsАли Абубакаров, 20:36
Открыть/Комментировать
2022-02-08 23:36:49
3.0K viewsАли Абубакаров, 20:36
Открыть/Комментировать