2022-06-22 18:27:11
#Хаттар58
Саламу 1алайкум. Хаттар дар са: Яъх1уми суртш видеош статусе кхис мегар дуй? Масала: ша ресторане ваг1ан яъх1ум юъш, цун сурт деккхин инстаграм чу кхоссар мух ду?
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Нахана гучехь (базарахь, йа урамехь, йа иштта муьлха а нах дIасалелачу меттехь) яъхIум яар мегш далахь а, дика лоруш дац. Къестина хьо волчу махкахь нахана юкъахь хIума яар хаза лоруш дацахь. Кхин а чIогIа дика лоруш дац иза наха лоруш волчу стаганна, йа матIелиманна, йа иштта муьлха а нахана юкъахь лераме волчу, нахана дозалла долчу къонахчунна. Иштта волчунна къонахаллица догIуш хIума дац нахана юкъахь яъхIум яар аьлла Iелимнаха.
Амма, ша юъчу яъхIуманна, молучу сокашна суьрташ, видеош сотсеташ чу кхиссар къестина товш дац къонахчунгахь (къонах волчур дIавера ву бохуг дац иза, делахь а, и къонах хиларна, цунгахь догIуш дац иза). Иза товш цахилар, догIуш цахилар кхиъ чIогIа ду мутIелимашкахь а, иштта, нахана юкъахь лерам болчу, наха лоручаргахь а.
ХIунда аьлча, тахана вайна хаъ, набахьтехь бохкучу вежаршкахь а, йижаршкахь а телефонаш ю, уьш сотсеташ чохь бу, уьш ахь чу кхуьсчу яъхIумнашха хьоьгуш бу, царна и тайпа стейкаш, пирожкиш, и даарш газа маситта шо ду. Иштта, набахьтехь бацахь а, маьрша болуш, гIийла бохкучу, и даар даъа таро йоцучу бусулба нахана а гуш ду и даарш а, маларш а. Цундера, мелла лахара а товш дац бусулба стагехь ша юург а, мерг а сотсеташ чу хIиттаяр.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву.https://t.me/sunnatanokhla1441
372 views15:27