Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Шайх Вахьид Балий

Логотип телеграм канала @shayh_vahid_baliy — Шайх Вахьид Балий Ш
Логотип телеграм канала @shayh_vahid_baliy — Шайх Вахьид Балий
Адрес канала: @shayh_vahid_baliy
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 380
Описание канала:

🌍Шайх Вахьид Балийн цlарах нохчийн маттахь агlо.
ШолгӀа агӀо: https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy_2

Рейтинги и Отзывы

2.00

3 отзыва

Оценить канал shayh_vahid_baliy и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

1

1 звезд

1


Последние сообщения 2

2020-05-25 01:13:42

694 views22:13
Открыть/Комментировать
2020-05-24 11:49:37 Марха досту де

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХӀай чӀогӀа довха, деха деношкахь марханаш кхаьбнарш, буьйсанна АллахӀана гӀиттинарш, Цунна хьастаделла долуш, ас кхаъ боккху шуьга АллахӀана шу дезаш хиларца, Цо шун къиношна гечдарца, Пайхамара баьккхина-кх шуьга кхаъ шен дешнашца: «АллахӀера йоле сатуьйсуш, Цо и ял лур ю аьлла тешаш волуш мархийн бутт кхаьбначуьнан дӀа мел даханчу къиношна гечдийр ма ду. Иштта АллахӀера йоле са а туьйсуш, Цо и ял лур ю аьлла тешаш волуш мархийн беттан буьйсанаш денйиначуьнан дӀа мел даханчу къиношна гечдийр ма ду».
Тахана марха досту де ду, хьалхара самукъанан де ду, ткъа къемат-де иза доккхачу самукъанан де хир ду. «Марха кхобучунна ши самукъа ду, марха даьстича самукъадолу цуьнан, и марха дастарца, тӀаккха шен Далла дуьхьал кхетча, шен мархах самукъадер ду цуьнан». И бохург - шен марханах, бинчу бекхамца, цуьнан йолаца самукъадер ду цуьнан.
Кхаъ бу-кх шуна, хӀай суна дукхадезарш, АллахӀа шуна хан ели-кх дуьнен чохь, мархийн бутт чекхбаьлла, хӀокху хьалхарчу самукъане кхача, ткъа къемат-дийнахь, Дала мукъ лахь, доккхачу самукъане а кхочур ду шу, шуьга кхойкхучу хенахь: «Мичахь бу и марханаш кхобуш хилларш», - аьлла. ТӀаккха шу хьалагӀовтур долуш, шуна дӀа а йоьллуш Раййан олу неӀ, тӀаккха оцу Раййан олучу неӀарехула шу чу а доьлхуш, кхин цхьа а, марханаш кхаьбнарш бен, цу чу гӀур боцуш.
Я АллахӀ, де Ахь тхо оцу ялсаманин охӀлунах!».

[Хьехам: Ӏи́дул-фитӀри]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
2.9K viewsedited  08:49
Открыть/Комментировать
2020-05-15 12:57:13 Ӏидане вахале хурма кхаллар

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Цхьаболу нах марха дастаран Ӏидане боьлху хӀумма кхалла а ца кхоллуш, иза гӀалат ду, мелхо а, марха дастаран Ӏидане ваха аравалале цхьаллин терахьца хурма кхаллар суннат ду. Бухарис дийцина, Анасера (АллахӀ реза хуьйла цуьнна) цо аьлла: «АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) марха достучу дийнахь Ӏидане ара ма ца волура, хурманаш кхаьллина бен»». Сахьи́хь ду, Буха́рис дийцина иза, 953-гӀа лоьмарца.
Кхечу кепара дуьйцуш аьлла: «Цхьаллин терахьца кхоллура цо уьш». Сахьи́хь ду, зӀе ца ялош дийцина ду иза Буха́рис, амма хадам беш. Ткъа Ибн Хузаймата а, Ахьмада а дикачу зӀеца далийна иза, «цхьаллин терахьца юура цо уьш» боху дешнашца.

[50 хатаъ фи́ сала́тил-Ӏи́дайни, агӀо: 8-9]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
2.7K viewsedited  09:57
Открыть/Комментировать
2020-05-07 13:50:55 Ӏидане воьдуш керла духар

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Цхьаболчу бусалба наха шайн керла духар Ӏида дӀадаьлча бен тӀе ца духу, иза гӀалат ду, мелхо а, тамболуш ду-кх Ӏида ламазе воьдуш кечвалар. ТӀабара́нис дийцина «АвсатӀ» олу жайнахь, дикачу зӀеца, Ибн Ӏабба́сера (АллахӀ реза хуьйла цушинна), цо аьлла: «АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вара Ӏида дийнахь шен тӀехула духу сизаш долу духар тӀедухуш». Хьасан ду, ХӀайсамис 2/198 агӀо тӀехь аьлла: «ТӀабара́нис дийцина иза «АвсатӀ» олу жайнахь, и дийцинарш шайгара хьадис схьаэца тешаме берш а бу. Алба́нис «Сахьи́хьахӀ» жайнахь, 1279 лоьмарца аьлла: «Цуьнан зӀе дика ю».

[50 хатаъ фи́ сала́тил-Ӏи́дайни, агӀо: 7-8]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
2.3K viewsedited  10:50
Открыть/Комментировать
2020-05-03 13:52:34 Ӏидане вахале лийчар

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Нахах хуьлу Ӏида ламазна лийча а, цӀано ян а ледарло еш верг, ткъа иза гӀалат ду, мелхо а, Ӏиде вахале лийчар суннат ду. БайхӀакъис дийцина, цӀеначу зӀеца, За́за́нера, цо аьлла: «Цхьана стага Ӏеле (АллахӀ реза хуьйла цунна) хаьттира лийчарх лаьцна. Ӏелас жоп делира: «ХӀора дийнахь а лийча хьайна лаахь», - аьлла. ТӀаккха цу стага элира: «ХӀан-хӀа, тӀе дожийна долу лийчар дуьйцу ас». Ӏелас жоп делира: «ПӀераскан де, Ӏарафат де, гӀурбанна урс хьокху де, марха досту де»». Сахьи́хь ду, БайхӀакъис дийцина иза, Алба́нис «Ирва́ъ» жайнахь, 1/176 агIо тIехь цуьнан зӀе сахьи́хь ю аьлла».

[50 хатаъ фи́ сала́тил-Ӏи́дайни, агӀо: 7]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
1.2K viewsedited  10:52
Открыть/Комментировать
2020-05-03 01:58:01 Суннат даржор

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Суннат даржор, бидӀат дӀадаккхар АллахӀан новкъахь дечу жихӀадах ду хьуна! АллахӀан шарӀ лардар - иза Ӏеламнехан а, АллахӀан новкъа нах кхойкхучеран а болх бу хьуна, уммат шен дикалле а, сийлалле а кхочур дац хьуна бидӀаташ цара шайна юкъара дӀадаххалц, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вайна дитинчу цӀеначу, къегиначу суннате уммат дерззалц».

[50 хатаъ фи́ сала́тил-Ӏи́дайни, агӀо: 5]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
1.0K views22:58
Открыть/Комментировать
2020-04-12 08:11:27 Шайхо яийтина вайна

Ӏакъидат, хьадисаш, фикъхӀ, иштта бес-бесара дуккха а пайде болх бу кху чохь масех маттахь, хьайна беза мотт хоржуш пайда эца йиш йолуш, иштта оьрсийн мотт а бу царна юкъахь
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy


https://hadeethenc.com/ar/home
4.6K viewsedited  05:11
Открыть/Комментировать
2020-04-11 11:25:06 lеламстаг санна ма лела интернет чохь

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Хьо Iеламстаг волуш санна ма хилла интернет чохь нахаца къамел деш, «хIара де, хIара ма де» бохуш, омранаш деш, мелхо а, хьо хила хьехамча санна, нахе хаза дуьйцуш, цара тIеоьцур долчу кепара».

[Дарс: 24.03.2020ш]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
1.2K views08:25
Открыть/Комментировать
2020-04-10 23:00:29 Марехь хилаза ерг

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Зуда марехь хилаза ерг ялор суннат ду».

[Сахьи́хьул-а́да́бил-исла́миййахI, агIо: 315]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
1.1K views20:00
Открыть/Комментировать
2020-04-10 08:53:55 ما شاء الله زادك الله توفيقا وسدادا
1.1K views05:53
Открыть/Комментировать