2021-05-02 17:58:44
Мархийн бетта тIехьар итт буьйса тховса дIайолалуш ю.
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса ларйе аш, Рамадан беттан тIаьхьарчу итта буьйсанна чохь шалза буьйсанашкахь» [Бухарис а, Муслимс а дийцин иза].
Шайх Абу Iалий ал-Хьасанис (АллахIа Iалаш войла иза) бах: «Мархийн бетта тIехьара итта буьйса Iибадат деш ден йинарг милла валахь а, лайлатул-къадр буьйса Iибадат деш ден йина-кх цо» [мажмуIату шайх ал-Хьасаний].
Хьекъал долчу адамо цхьа минот а эрна йогIуьтийла дац хIокху буьйсанашкахь. ХIунда аьлча:
Лайлатул-къадр буьйсина 1 секундехь йина Iамал, кхечу ханчохь 23 сахьтехь йиначу Iамалелла сов ял хуьлуш ю.
Амма оцу буьйсина 1 минотехь йина Iамал, кхечу ханчохь 58 дийнахь йиначу Iамалелла сов ял хуьлуш ю.
Амма 1 сахьтехь йина Iамал, 9 шарахь 8 баттахь йиначу Iамалелла сов ял хуьлуш ю.
Амма и лайлатул-къадр буьйса Iибадат деш ден йиначунна, шена чохь лайлатул-къадр буьйса йоцучу 83 шарахь 4 баттахь йиначу Iамалелла сов ял хуьлуш ю.
Масала: Лайлатул-къадр буьйсина цхьа сом сагIийна делча, 83 шарахь 4 баттахь хIора дийнахь цхьац сом сагIийна делчулла а сов ял хуьлуш ю. Сов мелла ло а, ял сов йолуш ду.
Цхьа минот а эрна ма ягIийта. Суннат ламазаш де, Къуръан деша, сагIа ло, АллахI хьехаве, АллахIе гечдар деха, междигехь иIтикаф де, диканиг даржа де, иштта, муьлха а АллахIана герга вуьгучу хIуманехь сов довла. Эрна къамелаш дарца, АллахI хьехаварах шайн меттанаш дIамахьовзаде. Инстаграм чохь а, ютуб чохь а, иштта, кхи йолчу сотсеташ чохь а эрна хан ма яйъа.
https://t.me/sunnatanokhla1441
363 views14:58