2022-02-09 10:23:58
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуЛлохӀи вабарокатухӀ. Муха ду хьал-де массанхьа? Могуш Ӏай шу?
Загранице дехьа ваьлча хӀун дара теша аьлла, ойланаш яьш Ӏаш вара со.. Амма тӀаьхьарчу хенахь хезаш ду суна, цхьаммо цхьаъ олуш, кхечара кхи олуш - "Заграницехь хьалха сан дац, нах цигара цӀабохкуьйтуш бу, йа цӀа бахка йиш йоцуш Ӏаш бу. Хьалха сан атта дехьа ца валало цига, цигара дахар чӀогӀа хала ду" бохуш.
Делахь, хӀокху чохь хӀинца дукха хан йоцуш цига дехьа ваьлларг хила тарлора, цигахь Ӏаш берш муххале бу) Шуьга хаттар иштта дара сан, ХӀинца суна масала дӀаваха дога ойла хилча, ас хӀу дан деза? Муха дехьа вала веза? Хала дуй цигахь Ӏара, вахар? Дехьа волуш хилча, атта мичахь хуьла?
АллахӀ диканца бекхам бойла шуна, шу бусулба ваш ӀабдуЛлахӀ)
#подписчик
334 viewsedited 07:23