Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Алл | Хьадисан охlла

Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Бакълуьйш хила, хIунда аьлча бакълеро - дикалле кхачаво, ткъа дикалло - ялсамане кхачаво. Нагахь стаг хаддаза бакъдерг дуьйцуш велахь, хаддаза бакъонан агIо лаьцна велахь - АллахIна гергахь дIаяздина хир ду бакълуьйриг ву иза аьлла. Иштта аьшпех ларло, хIунда аьлча аьшпаша - волле (я къилахь долучуьнга, я лартIехь цахиларе) кхачаво, ткъа волло (я къилахь долучо, я лартIехь цахиларо) - жоьжагIате кхачаво. Нагахь стаг хаддаза аьшпаш буттуш велахь, хаддаза харцлеран агIо лаьцна велахь – АллахIна гергахь дIаяздина хир ду аьшпашбуттург ву иза аьлла»

(Бухари 6094; Муслим 2607)

https://t.me/hadis_du