Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Хаттар: Марха а долуш багара цlий деанехь хlун дан деза? Жоп: | Дика lамал

Хаттар: Марха а долуш багара цlий деанехь хlун дан деза?

Жоп: Нагахь марха а долуш хьан багара цlий деанехь, кийра а ца кхочуьйтуш бага хи кхарза деза, туйнаш дlа кхиссича хьан бага цlан еллехь а кхачам хир бац, хlунда аьлча, цlий нажас ду, ткъа нажас хица бен цlанлуш яц, ткъа нажас кийра яхча цо марха доха до, нагахь бага хи кхарзале хьан лаамехь хьан туй кийра додахь, хьан марха духур ду.