Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Карарчу шарахь 33 эзар гергга бер дуьххьара ишколе дахана вайн | "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Карарчу шарахь 33 эзар гергга бер дуьххьара ишколе дахана вайн махкахь.

Цул сов, хӀоккху шарахь 26 керла ишкол а схьайиллина.

Дешаран керлачу шарца дешархой къобалбаран шен костехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан терахь алсамдолуш хиларх ша воккхавевеш хилар.

"... Вайн берашка тоьллачу, кхузаманахьлерчу ишколашкахь дешийтаран декъехь ницкъ мел кхоччург деш ду вай. Иштта лехамаш бара вайна хьалха хӀиттийна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас", - йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Цул сов, дешаран дакъа кхиийтарна а, кхиорна а тӀехь боккха тидам а, терго а латтош хилар а хаийтина республикин Куьйгалхочо.

"... Республикин кхане хьекъалечу, дешарехь лакхенаш йаьхначу чкъурах тешо йезаш йу", - тӀечӀагӀдина Кадыров Рамзана.