Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Экстремизман материалийн федеральни могӀаре 'Сахьихь аль-Бухар | "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Экстремизман материалийн федеральни могӀаре "Сахьихь аль-Бухари" жайнин цхьа гоч а даккхаран хьокъехь Нохчийчоьнан Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин дӀахьедар довзийтина Telegram чуьрчу шен каналехь Кадыров Рамзана.

Цул сов, хааман оцу костехь шен хьежам а гайтина республикин Куьйгалхочо.

"... Бу бохуш болу Ӏеламнах тап-аьлла Ӏийна хиларца а догӀуш, оцу балхана хьокъала доцчу экспертизе гӀо дехна кхиэлахоша", - йаздина цо.

Иштта, "Сахьихь аль-Бухарин" хьокъехь дуьйцуш, Делан Элча волчу Мухьаммадан ﷺ дахаран хьокъехьчу хьостанех бакъ-хьоста иза хилар а чӀагӀдина Кадыров Рамзана.

Буьйцучу суьдан сацамна тӀе пачхьалкхан куьйгалло а, Президентан администрацис а тидам бохуьйтург хиларх ша тешаш хилар а хаийтина цо.

"Тхан ларамечу Муфтис шайх Межиев Салахь-Хьаьжас билгал ма-даккхара, оха, Россерчу бусалбанаша, и сацам йемал а бо, иза хийцар а доьху, тхайн кхайкхам дӀахезарг хиларх тешаш а ду", - дерзийна шен кост Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

• мотт: оьрсийн