Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера гӀоь | "ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера гӀоьналлин акци дӀайаьхьна Луганскан Республикехь.

Меттигерчу Халкъан милицин эскархойн 2-чу корпусан бӀаьхойн берашна ишколе кхоьхьу портфелаш йелла.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, бераш ишколашка дахийта оьшуш болу гӀирсаш Донбассехь кхачаме цахиларе терра, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу фондо дӀайаьхьна акци доккха маьӀна долуш йу.