Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Къуръан тIехь ахь «дукхах болу нах» аьлла дош лахахь, хьуна ка | …

Къуръан тIехь ахь «дукхах болу нах» аьлла дош лахахь, хьуна карор ду цунна тIаьхьа догIуш долу дош: «хууш бац», «шукр деш бац», «тешаш бац» аьлла.

Нагахь ахь Къуръан тIехь «Царех дукхахберш» аьлла дош лахахь, я таллахь хьуна карор ду цунна тIаьхьа догIуш долу дешнаш: «песакъ бу (телхина бу)», «ца хууш бу», «(дикачух) дIа бирзина бу», «кхеташ бац», «хезаш бац» аьлла.

Ткъа хьо хила АллахIа шайн хьокхехь аьллачу кIеззигчарех «Сан лайшха шукур дийриш кIеззиг бу». «КIеззигчара бен цуьнга (Нухьега) ийман ца диллира».

Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъонан некъ схьалацалахь, цу некъа тIехь берш кIеззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! ХIаллакхуьлуш берш дукха хиларна Iеха ма лолахь».

АллахIа декъал хиллачарех а, дика хиллачарех а дойла вай! АллахIехь бен дикачунна тIе верзо а, вончух дIа хьовзо а ницкъ бац.

@islamanserlo