Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Нохчийн маттахь

Логотип телеграм канала @nohchiyn_mattah — Нохчийн маттахь Н
Логотип телеграм канала @nohchiyn_mattah — Нохчийн маттахь
Адрес канала: @nohchiyn_mattah
Категории: Цитаты
Язык: Русский
Количество подписчиков: 623
Описание канала:

Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац!

Рейтинги и Отзывы

4.67

3 отзыва

Оценить канал nohchiyn_mattah и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

2

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

0


Последние сообщения 3

2020-10-04 08:41:58 РагIу

Дирзина мехашна агIор
Дерзина лаьтта цхьа рагIу
Суна мел безначу нехан
Аьзнаш шен тхов кIелахь дехаш...

ДIадовлий дIадоьлху мехаш,
Схьадовлий схьадогIу мехаш,
Яржаеш бIаьрлагIаш, нехаш,
Дагарадийцарехь дехаш

Дирзина заманна агIор,
Чекх са гуш, лаьтташ ду рагIу,
Суна мел безначу нехан
ЦIераш шен тхов кIелахь йехаш

ДIайоьлий дIайоьду зама,
СхьайогIий схьайогIу зама,
Кегаеш уппаг1аш, амалш,
Кегадеш Iожаллин гIама...

Ткъа рагIу-м лаьтташ ду, рагIу,
Мехашна, заманна агIор,
Суна мел безначу нехан
ДоIанаш тхов кIелахь дехаш.

Некъ а бац тIебогIуш цхьа а,
НеI а яц тIекъовлуш цхьа а,
ХIусам яц - хьаша ца кхойкху,
Маьждиг дац - молла ца кхойкху.

Ткъа рагIу-м лаьтташ ду, рагIу,
Чекх са гуш массо а агIор,
Суна мел безначу нехан
ЦIераш шен тхов кIелахь ехаш.

Ишта ю со вина петар,
Со ваьхна, со вайна четар,
Со суо а цуьнан цхьа аз ду,
Цхьа чов, цхьа гIайгIане арз ду.

Апти Бисултанов

https://t.me/nohchiyn_mattah
2.9K views05:41
Открыть/Комментировать
2020-09-25 22:37:54
2.3K views19:37
Открыть/Комментировать
2020-08-20 01:11:28 Сийна

Бецийн, диттийн, стоьмийн хьокъехь «сийна» вай аьлча, «зеленый» бохучу маьlнехь хуьлу иза. Масала, сийна хьач.

Ткъа кхечу хьолехь «синий» бохучу маьlнехь хуьлу. Масала, сийна стигал.

https://t.me/nohchiyn_mattah
3.0K views22:11
Открыть/Комментировать
2020-07-20 19:10:14 Тахана хилла къамел.

Черчийн духарш доьхна адамаш ду ала лууш..))

- Ши ча ю цаьрца.
- Шича?
- Хlаъ, ши ча. Черчий
-
- Чохь са дац царна. Адамаш ду царна чохь.
-
3.0K views16:10
Открыть/Комментировать