Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Мутаlеламан лар

Логотип телеграм канала @muta1elaman_lar — Мутаlеламан лар М
Логотип телеграм канала @muta1elaman_lar — Мутаlеламан лар
Адрес канала: @muta1elaman_lar
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 713

Рейтинги и Отзывы

2.00

2 отзыва

Оценить канал muta1elaman_lar и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения

2023-05-17 14:03:52 ШЕН ХIУСАМЕ ЧОЬХЬА ВОЛУШ САЛАМ ДАЛАР.

«Шен хlусаме чоьхьа волуш салам далар суннат ду.»

[Хьилятул-бана́ти вал-банийн, агlо: 70]
187 views11:03
Открыть/Комментировать
2023-05-15 17:50:56 ЛУЛАХОЧУЬНАН ХЬАКЪ.

«Шен лулахочунна шегара вон болх цабалийтар, цунна халхетар цадар парз ду хlора бусулба стагана тlехь.»

[Хьилятул-бана́ти вал-банийн, агlо: 66]
251 views14:50
Открыть/Комментировать
2023-05-15 12:29:58 ДОЬЗАЛХОЧУННА ХАЗА ЦIЕ ТИЛАР.

Керла дуьненчу ваьлла волу доьзалхочунна хаза цlе тилар суннат ду.

[Хьилятул-банати вал-банийн, агlо: 53]
273 views09:29
Открыть/Комментировать
2023-04-09 08:02:12 Сийлахь волчу АллахIа гlоле йойла оцу жимачу къонахчунна Шен къинхетамца.

Ма хуьллу хlара гlуллакх тесна ца дуьтуш вайга далучу кепара дакъа лаьцна, дlаса яхьйитича дика хира дар хlара вай.
203 views05:02
Открыть/Комментировать
2023-04-09 08:01:49
205 views05:01
Открыть/Комментировать
2023-03-27 18:16:20
Шафиlийн мазхlабехь волуш, Йеменехь ваьхна волу Имам lабдулЛахl Бàсавданас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бер кхиочу хенахь цунна дехка деза, иза чlоггlа човха а деш Элчанца (ﷺ), я каlбатаца, я авлияъашца дуй баар! Хlунда аьлча, хьадисехь деана ду: «Дуй буучо АллахIаца бен ма буийла дуй» - аьлла.»

[И хьадис Бухàрис а, Муслима а дийцина ду].

[Симтlул-lикъйàн, агIо: 131]
151 viewsedited  15:16
Открыть/Комментировать
2023-03-24 18:04:49 Аз-Зухlрис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Рамадан баттахь олуш долу цхьа тасбихь* дезох ма ду кхечу баттахь олуш долчу эзар тасбихьал а.»

[Мавсу‌lату ибн Абид-дунья (4/501)]

*Тасбихь: иза (СубхьаналЛахl) алар ду. Иза масаллийна аьлла ду Имам Аз-зухlрис, вуьштта муьлхха кхин долу АллахI хьехавар оцу кепара деза хилар билгалдар ду цуьнан дашехь, ВалЛахlу аlлам.
297 viewsedited  15:04
Открыть/Комментировать
2023-03-20 01:15:23 Цхьаболу хьехамчаш аьлла хlара мархийн бутт муха кхаба беза хьехар деш:

«Шайн дахарехь тlаьххьара мархийн бутт хира болуш санна кхабалаш хlара Рамадан бутт! Бакъдолуш ца хаьа-кх вайна кхин вай Рамадан батте девра дуй!»
988 views22:15
Открыть/Комментировать
2023-03-08 13:17:22
Бусулба динехь хlара тайпа шовкъе ловзарш (азартные игры) хьарам ду, хьайн ахчанца дакъа лоцу ахьа цунах ловзуш, югlа хьуна и "ирсе" кхаж балахь тула хьо, тlкъа хьуна и кхаж ца балахь хьан ахча хlай-пака дlа доьду.

Мегар дац цунах ловза, цу чохь йоккхуш ерг берийн ловзош хlума елахь а, я мерза хlума елахь а, я телпо елахь а!

Ислам дин дале хьалха, бодане заманахь а хилла цунах тера хlума (بيع الحصاة) олуш, тlаккха Ислам дин дараца иза хьарам лерина ду, вайна даьхний эрна, зе вайга ца дайъитар хьама, вай дохко доьвра долу хlуманах лардар хьама а.

Дика хууш верг АллахI ву!
1.3K viewsedited  10:17
Открыть/Комментировать
2023-03-07 09:35:04 Хьо велчул тlаьхьа нисвала дагахьа-м вац?! Тlаккха-м тlехьа хира ду хьуна! Iелас (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Нах бийшана (гlопал) бу, белчул тlаьхьа сама боьвра бу уьш».
291 views06:35
Открыть/Комментировать