Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Ма дукха бу-кх оьзда, Аллах1ан муьт1ахь болу йижарий. Делахь, | La_tahZan

Ма дукха бу-кх оьзда, Аллах1ан муьт1ахь болу йижарий.
Делахь, Аллах1 ма ву ша дерриге гуш. Хьо нисло цкъа дуьххьара, т1аккха Аллах1а ирсе дийра ду хьан дахар.
1есаллех юха кхетта, Аллах1ан муьт1ахь волуш хьо нисса велча Аллах1а нуьре дийра ду хьан дахар. Хьуна Аллах1ах кхоьруш, муьт1ахь ц1ийн нана яларца, иштта сан йиша, хьуна ц1ийн да валарца.

Хийла го-кх вайна йо1, ша ирсе ю бохуш т1ома баьлла полла санна самукъа даьлла, шена хьал долуш, я кхи дуьненан х1ума долуш маре нисса делча. Амма, ма ца хаьъ-кх цунна, ма ца кхета- кх и баккъал долу ирсе дахар, Аллах1ан муьт1ахь волуш шена х1усамехь накъост хилар!