Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Нохчийн мотт

Логотип телеграм канала @halifgadaev95 — Нохчийн мотт Н
Логотип телеграм канала @halifgadaev95 — Нохчийн мотт
Адрес канала: @halifgadaev95
Категории: Лингвистика
Язык: Русский
Количество подписчиков: 1.23K

Рейтинги и Отзывы

2.33

3 отзыва

Оценить канал halifgadaev95 и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

0

4 звезд

0

3 звезд

1

2 звезд

2

1 звезд

0


Последние сообщения 2

2022-01-19 22:39:38
Къулла нохчийн шира дош ду , дукхачарна девзаш доцуш , родник эра ду гӀаскхийн маттахь, лаьттар схьаладолуш долу хи къулла
3.9K viewsedited  19:39
Открыть/Комментировать
2021-08-19 14:48:16
5.8K views11:48
Открыть/Комментировать
2021-07-05 15:58:45 Ч1ог1а дика аг1о ю х1ара, хьайна дукха безарш кхайкха х1окху аг1оне: Пайде хеттарш

Езачун д1аса яла х1ара ссылка ю шуна: https://t.me/paydehettarsh
5.8K views12:58
Открыть/Комментировать
2021-06-12 17:19:12
6.1K views14:19
Открыть/Комментировать
2021-03-23 21:32:19 *Нохчийн хьекъале дешнаш*

Гергара вара алий, харц луьйш волчу стагана тIе ма хIитталаш, и бале вер ву шуна.

Къен вара алий, оьзда воцучу стагах къа ма хеталаш, цо, вуьзча, зулам дийр ду шуна.

Хьал долуш вара алий, вуьзначу стаге шайх жоп ма далийталаш, цо нийсо йийр яц шуна.

Дешна вара алий, муьлх-муьлхачу Iеламстага бохург ма делаш, Делах девр ду шу.

Дикчу гIуллакхашца бевзаш болчу нехан доьзалшна гIо делаш, и гIо зиэ довр дац шун.

Наха эладита дуьйцура алий, бIарзлой, ца бича, ца болучу бекхамна сих ма лолаш, сихаллехь эцна чIир тIаьхьешна бале йолу шуна.

Аса бийр бу цуьнан болх, алий, цхьаьна а адман садаккха ма сихлолаш, Дала бекхам бийр бу шуна, шегара и бакъо схьаэца г1оьртина аьлла.

Хаза ю, алий, орам боцучу нехан зуда ма ялаелаш, доьзалех мостагIий хир бу шуна.

Шаьш дола деш кхиийна жIаьла, шайна лета далахь, хаалаш, шайн цIен тIехь шаьш сов девллий.

Шайна вон динчунна бекхам бе бохуш, доьзал ма кхиабелаш, баккхий хилча, цара бекхам уггар хьалха шуна бийр бу шуна.

Беро дийр ду-дац хьажий бен, цунна тIе хIума ма диллалаш, кIеззигчу хIуманна тIехь эвхьаздевр ду шу.

СагIийна луш йолу хIума, и лучун дагахь хIун ду хьажий бен, схьа ма эцалаш, цкъа мацца цо и т1ехтухур ду шуна.

СагIе ма марзлолаш, и шайна схьакхехьа долийча, наха шаьш кхаба деза моьттуш, дуьненна оьгIазоьхур ду шу.

Воккхачо бохург делаш: и нийса велахь, пайда хир бу
шуна, и харц велахь, гIалат хьаьнггара а долуш хуьлий хуур ду шуна.

Шаьш динчу диканна дуьхьал, цхьамма дика даре аша сатийсахь, дукха хьежа дезар ду шун.

Аш дийр ду бохуш, дукха дийцийна хIума, наха дина карор ду шуна.

Мотт беттачунна мотт тохарх, Дала ялсмане ца вохуьйтий хаалаш.

Нах, герзаш эцна, шайн керта цалелхарх, шаьш цадогIург лелор царна ца хаьа ма мотталаш.

Сатохар эхь доций, катохар сий доций хаалаш.

Буй тохарний, сатохарний юккъахь йоккха башхала юй хаалаш.

Къайлаха лелош дегабаам боцуш, буо-бер ца хуьлий хаалаш.

ГIиллакх дог делахь, гIуллакх куьйгаш дуй хаалаш.

Уггаре дукха наьIалт сийдолчу нахана олий хаалаш, и шайна аьлча, бен доцурш дукха болу дела.

Орцах бовла нах боцучу нахе, шайн де доьхний ма хаийталаш.

Вуьзча воьлуш, мацвелча воьлхуш волчу стагах ларлуш хилалаш!

А-Хь. Хатуевhttps
7.0K views18:32
Открыть/Комментировать
2021-03-13 20:41:58 НОХЧИЙН МАТТАХЬ БУХ БОЛУ ЭЛЧАННА ﷺ ХЬАДИЙСАШ ХИРА ДУ КХУЗА ЧОХЬ,ДАЛА МУКЪ ЛАХЬ.

АЛЛАХIА КЪИНХЕТАМ БОЙЛА ДИКAНИГ ДАРЖО ЧУХ.


Вайн instagram агlо:

https://instagram.com/hadisi.tv


https://t.me/hadisi_tv
5.0K views17:41
Открыть/Комментировать
2021-03-13 13:44:10
4.3K views10:44
Открыть/Комментировать
2021-03-01 23:17:10
АссаламуӀалайкум сан хьоме тобан декъашхой, цхьа наггахь динах лаьцна Видео чутасар нисло сан , цхьаверг шан шега хаьттарш деш хир ву маттаца доьзна ма дац хӀара аьлла , амма сайн чӀогӀа шуна пайдехь хир ю аьлла хеташ йолу Видео бен чу тосуш яц шуна аса , кхин и Видео нохчийн маттахь хуьлу. пайда оьцур-кх аша.
4.6K views20:17
Открыть/Комментировать
2021-03-01 22:59:42
4.1K views19:59
Открыть/Комментировать
2021-02-22 12:06:47 https://t.me/setlanguage/chechen3
4.5K views09:06
Открыть/Комментировать