Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Аллахlaн Элчано (ﷺ) аьлла: «Шайна молла кхойкхуш хезча, цо м | Хьадисан охlла

Аллахlaн Элчано (ﷺ) аьлла:

«Шайна молла кхойкхуш хезча, цо ма-аллара цунна тIаьхьара ала аш, тIаккха суна салават дилла аш, бакъдолуш суна цкъа салават диллинчунна Дала иттозза салават дуьллур ду (къинхетам бийр бу цунах). ТIаккха, суна «василат» (ялсаманера еза меттиг) еха аш суна, бакъдолуш иза ялсаманехь цхьа меттиг ю… Шен «васила» дехначунна шен шафаIат хир д».

(Муслим)


Жабира (АллахI реза хуьлийл цун) дийцина, АллахIан
элчано (ﷺ) элира
аьлла:

«Нагахь моллалла кхойкхуш хезначо алахь: «Я, АллахI! ХIокху буьззиначу кхайкхаман а, хIокху дIахIотточу ламазан а Дела! Мухьаммадна ялсаманехь лаккхара дарж лохьа. Кхин болучу кхолламел а лакхаваккхахьа иза. Айхьа цунна ваIда йина йолу хастамечу меттиге а кхачавехьа иза. Боккъалаъ, Хьайн ваIда йохош вац-кха Хьо!»

«АллахIумма рабба хIазихIид-даIватиттаммати вас-салатил къаимати ати мухьаммадан ал-василата
вал-фадилата, вабIасхIу макъаман махьмудан аллази ваIадтахIу, иннака ла тухлифул миIад» сан шафаIат хир ду цунна къематдийнахь»

(Ахьмад, 657, Абу Дауд, 205, ат-Тирмизи, 1164, ан-Насаи, 137-140, ибн Хьиббан, 816)

https://t.me/hadis_du