Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Iумар аль-Мухтар. Ливий пачхьалкхийн кIант, ГIамар-аренан лом. | Эскархо

Iумар аль-Мухтар. Ливий пачхьалкхийн кIант, ГIамар-аренан лом.

1862 шарахь дуьненчу ваьлла Ливий марша яккха 20 шарахь къахьоьгур долу къонах.

Италийн эскар Ливийн чу далле, Францийн дуьхьал а, Британийн дуьхьал а тIемаш бина хилла ву Iумар аль-Мухтар. 1911 шарахь Италийн дуьхьал тIом болийра цо.

Иштта цунах лаьцна цуьна хьехархо Мухьаммад аль-Махьдис аьлла: « Мухтар санна кхиъ итта валахьара тхуна кхачаме хира дара».

Ткъа Италийн генерал хилла волчу Грацианис дагалуьйцу:

«Ас кечам бира Iумарег хьаьжча сайна цхьа эзар адам гаре, цуьнга хьаьжча сан вегавар саца ца далора соьга, дагчу кхерам тийсар суна».

Цхьа эзар тIемлочунна мехха вара Iумар, Ливийн къоман тIеххьара сатийсам бара Iумар, чIогIа ирча де дара Iумар аль-Мухтар хьала оьллина де.
19 сентябрехь, 1931 шарахь дIакхелхира иза дерриг Ливийн къам делха а деш.