Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Баккхий нехан лерам бар а, уьш ларар а, церан сий дар а элчани | Эскархо

Баккхий нехан лерам бар а, уьш ларар а, церан сий дар а элчанийн суннатех цхьа суннат ду, дикчу нехан некъ а бу... Къена нахаца дика хир вац Дала шен дагчу къинхетам биллинарг бен...

Цундела, воккхачуьнан лерам беш хуьлу, цуьнан сий деш хуьлу, иза сийсаз веш ца хуьлу; иза вазвеш хуьлу, иза айвеш хуьлу, цуьнан сий лахдеш ца хуьлу; иза цхьа нах гулбеллачу метте веъча цунна уггар дика меттиг дIалуш хуьлу, хIунда аьлча "АллахI вазварх а, Цуьнгахьа лерам хиларх а ду воккха стеган лерам бар".

Иза вистхилча ладугIу вай, дист а ца хуьлу вай; цо вайна цхьа хьехар дича, иза тIелоцу вай, бакъдолуш уьш хIума зеделларш бу, хIума хуурш бу. Олуш ду вайна юкъахь, ханна баккхий берш уггаре хьекъале нах бу, олий, хIунда аьлча уьш дуккха хIуманах чекхбевлла дела, царна дуккха хIума гина дела...