Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

بسم الله الرحمن الرحيم Ассаламу lалайкум ва рохьматуллохIи в | Эскархо

بسم الله الرحمن الرحيم

Ассаламу lалайкум ва рохьматуллохIи ва барокатухIу!

Делера салам а, маршал а, Цуьнгар къинхетам а, беркаташ а хуьлийла шун!

Сийлахь волчу АллахIан пурбанца «Iyмдату-ль-ахькам» цӀе йолу жайна доьшуш дарсаш дӀайолор ю вай «ЦӀано яр» дуьйцуш долу дакъан тӀера, ин шааЛлахӀ.

Жайна доьшуш верга вайн лараме ваша Абу Халид ву.

Дешаран низам:

ХIора дийнахь агIон тIe цхьацца дарс xIоттор ю, цу дарсан догӀу хаттарш хир ду.

Доьххьар дарс чу кхуссар ю,
цул тӀаьхьа хаттарш хир ду, ладоьгӀнарг тӀечагӀдайта. ХӀора дакъа дӀадаьлча экзамен хир ю.

Тидаме лаца:

Хаттаршна жоьпаш дарс дӀаяьлча лур ду. Нагахьсанна нийса жоп ца довзахь, дарсане юха ла а догӀи и меттигаш тӀекхиаъян еза.

Весет ду:

ХӀораммо а шен негат цӀандарца а, алсам къахьегарца а, даиман ша Ӏилма Ӏамош некъ тӀехь хилар шен дагадаитарца а. Боккъалла а Ялсмане вуьгу некъ бу-кх иза!

https://t.me/AHLU_DIROYAH