2022-05-09 01:24:43
السلام عليكم فضيلة الشيخ، أحسن الله إليكم.
شيخنا الفاضل، انتشر بأَخَرة ، أن بعض طلبة العلم وغيرهم ينشرون الإعلان في وسائل التواصل الاجتماعي ، أن من أراد أن يتبرع بمصحف وقفا لله في المسجد النبوي الشريف أو أراد أن يتبرع بغرس شجرة النخلة في المملكة العربية السعودية، فنحن نساعدكم في تحقيق ذلك، ويعلنون أسعار المصحف أو النخلة أكثر عن السعر الحقيقي في المملكة ، فمثلا : وقف المصحف ب ١٠٠٠ روبال روسي، وسعر المصحف لا يزيد في المملكة عن ٥٠٠ روبال روسي، والباقي يتركون لأنفسهم ولا يبلغون ولا يصرحون للمتبرِع أنهم يستقطعون جزءا كبيرا أو صغيرا من هذا المال ، فهل يجوز مثل هذا الاستقطاع بدون إشعار المتبرِع بذلك ؟
الشيخ علوي السقاف:
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
أولا المسجد النبوي وكذلك المسجد الحرام ليسا بحاجة لمصاحف والدولة ما قصرت والمصاحف تملأ الأرفف ووقف مصاحف في غيرها من المساجد خاصة خارج المملكة أولى وأنفع للمسلمين
ثانيا: ينبغي عليهم أن يوضحوا أن هذا المبلغ يشمل القيمة والأتعاب يعني الأجرة ولا يلزمهم أن يبينوا كم القيمة وكم الأجرة بشرط ألا يكون هناك فرق فاحش وإنما حسب العرف
والله أعلم
Ассаламу lалайкум лераме Шайх, Дала дика дойла хьуна.
Тхан лераме Шайх, кху тlаьхьарчу хенахь, цхьаболу мутаlелмашна а, иштта нахана а юккъехь даьржина цхьацца хаамаш ду, Пайхамаран ﷺ маьждиге Къуръан дилла луучунна а, иштта Саlудехь хурман дитт де луучунна а оха гlо дийра ду бохуш, иштта цара Мусхьафийн а, хурман диттийн а, Саlудехь болучу мехалла а лакхара мехаш хlитта до, масалан: Цара олу: Маьждиге мусхьаф охьадуьллург мах 1000 сом бу, амма оцу мусхьафан мах 500 соьмел а лекхара бац, ткъа Мусхьаф эцначул тlаьхьа буха диссинарг шайна дуьту цара, цара шайга и ахча деллачунна хаа ца хоуьйту, шаьш и Мусхьаф эцначул тlаьхьа, оцу ахчанах кlеззига дакъа хуьлийла иза, я дукхах долу дакъа хуьлийла иза, шайна буха дуьтуш хилар. И ахча долучу дена а ца хоьйтуш, иштта долу хlума лело мегар дуй?
Жоп луш верг Шайх lалавий ас-Саккъоф ву:
Ваlалайкумуссалам ва рохьматуллохlи ва барокатухl.
Цкъа уггара хьалха: Пайхмаран ﷺ Маьждиг а, я Хьарам Маьждиг а хьашта дац Мусхьафшка. Саlудис ледарло а ца еш , дуккха мусхьафаш дихкина царна чу а, кхечу маьждигашка, къаьсттина кхечу махкахь гlоле а, тlех пайде а хир ду и Мусхьафаш дахкар,
Шолгlа: Цара дlахаийта а деза, шаьш къахьегарна оцу ахчана тlера, шайна цхьа дакъа оьцуш хилар, амма мел оьцуш ду хаийтар бехкам бац, нагахь и ахча нахана довзарехь дукха дацахь.
549 views22:24