Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

​​8-гIа март Хаттар: Ассаламу lалайкум. 8-гIа мартехь йиша, | Враги Иблиса

​​8-гIа март

Хаттар:
Ассаламу lалайкум.
8-гIа мартехь йиша, я нана, я евзу йоI декъалъян мегаш дуй?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Мегаш дац, хьарам ду и де къастадар, керста нахах тарвалар ду, керста нехан хlума ду, нана а, йиша а декъала хlора дийнахь е, хlора дийнахь де царна совгlаташ а, амма дийна шерчуьра, 354 денна юккъера оцу боьха керста наха хаьржина долу де къаста а дина, цу дийнахь хlунда беш бу ахь уьш декъала!? Керста стага хьайн нана, йиша декъала е аьлла де билгал ца дича уьш декъалбан безий ца хууш ву хьо!? Жимма керста нахаца яхье ваьлла а эхь хета дезаш ма дара и де харжа-м, шайн нана, йиша мил ю ца хууш болчу наха ца lамийча а хаьа суна уьш декъалбан безий аьлла! Цундела керста нехан хlума царна дита деза, цара лелорг лело ца деза, хlунда аьлча Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла: «Цхьана нахах тарвелларг - уьш берриг ву». Абу́ Да́ву́д: 4031
#коьрта_хаттарш