Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Цхьа ши адам ду-кха, вовшен даиманна а гӀортор хилла.. Халонаш | ~ ummAisha📖

Цхьа ши адам ду-кха, вовшен даиманна а гӀортор хилла..
Халонаш цхьанний лан реза долуш, шабболу болх АллахӀан тӀе а биллина.
Уггаре а халачу хенахь, хӀоранний а дешнаш карадо, шен адаман синтем бан.

ХӀораммо а шен-ше хӀума дуьйцу, амма цо ца хуьйцу церан вовшен йолу ойла, царна шеш дойзан дела, цхьанний а ца дойзачу кепара..

Уьш ду уьш - цхьатерра долу синош.

Церан некъ, лаам, лазар, сагаттдар а цхьаъ ду..
Цхьан шарахь дӀадера долуш дерг дац иза,
иза - чӀагӀлуш дерг ду..
Иза - АллахӀи доьхь дерг ду,
ткъа Цуьн доьхьа дерг Даиманна а лаьтташ ду…