Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

SUNNA_HEHAM

Логотип телеграм канала @sunnaheham — SUNNA_HEHAM S
Логотип телеграм канала @sunnaheham — SUNNA_HEHAM
Адрес канала: @sunnaheham
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 2.17K
Описание канала:

Бисмиллахl
ХIокху чуьра шайна луург схьаэца бакъо ю шун, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.
Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна иншá Аллахl

Рейтинги и Отзывы

4.50

2 отзыва

Оценить канал sunnaheham и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

0


Последние сообщения 3

2022-07-09 17:32:06 رَبَّنَا إِنَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ.

«Тхан Дела! Хьох тешна ду тхо, тхуна тхан къиношна гечдехьа, цIеран Iазапах тхо лар а дехьа».

رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ.

«Тхан Дела! Зуламе нахаца (цхьаьна) ма хилийта Ахь тхо».

رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ رَحْمَةً إِنَّكَ أَنْتَ الْوَهَّابُ.

«Тхан Дела! Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа тхан дегнаш (Бусалба динах) дIа ма дерзаде Ахь, Хьайна гергара къинхетам а ло Ахь тхуна, бакъдолуш Хьо массо хIума луш верг ву-кх».
133 views14:32
Открыть/Комментировать
2022-07-09 14:32:06 اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي خَطِيئَتِي وَجَهْلِي، وَإِسْرَافِي فِي أَمْرِي، وَمَا أَنْتَ أَعْلَمُ بِهِ مِنِّي. اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي هَزْلِي وَجَدِّي، وَ خَطَئِي وَعَمْدِي، وَكُلُّ ذٰلِكَ عِنْدِي, اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي مَا قَدَّمْتُ، وَمَا أَخَّرْتُ، وَمَا أَسْرَرْتُ، وَمَا أَعْلَنْتُ، وَمَا أَسْرَفْتُ، وَمَا أَنْتَ أَعْلَمُ بِهِ مِنِّي. أَنْتَ الْمُقَدِّمُ، وَأَنْتَ الْمُؤَخِّرُ ، وَأَنْتَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ.

«Йа АллахI! Гечде Ахь суна сан къиношна а, сан цакхетамна а, сайн балхехь со сов валарна а, сол дика Хьайна хуучу сан массо сакхташна а. Йа АллахI! Гечде ахь суна сан забарна а, ас баккъалла динчунна а, сан гIалатна а, ас хууш динчунна а, и ша-дерг соьца долуш а ду-кх. Йа АллахI! Соьгара хьалха даьллачунна гечдехьа, соьгара тIаьхьа дер долчунна а гечдехьа, ас къайлах динчунна а, ас гучахь динчунна а, Хьайна суначул дика хуучунна а гечдехьа суна. Хьалхадаккха дезарг хьалхадоккхуш верг ву Хьо, тIаьхьататта дезарг тIаьхьатоттуш верг ву Хьо, массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву-кх Хьо».
189 views11:32
Открыть/Комментировать
2022-07-09 13:32:06 رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَى وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَصْلِحْ لِي فِي ذُرِّيَّتِي إِنِّي تُبْتُ إِلَيْكَ وَإِنِّي مِنَ الْمُسْلِمِينَ.

«Сан Дела! Аьтту бе Ахь сан, Айхьа суна а, сан дена-нанна а деллачу ниIматашна соьга Хьайна шукр дайта а, соьга Хьо реза волу дика Iамал йайта а; сан тIаьхье дика йе Ахь суна; бакъдолуш ас Хьоьга тоба а дина, со бусалба нахах а ву».
206 views10:32
Открыть/Комментировать
2022-07-09 11:32:06 اللَّهُمَّ إِنَّا نَسْأَلُكَ مِنْ خَيْرِ مَا سَأَلَكَ مِنْهُ نَبِيُّكَ مُحَمَّدٌ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَنَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا اسْتَعَاذَ مِنْهُ نَبِيُّكَ مُحَمَّدٌ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَأَنْتَ الْمُسْتَعَانُ وَعَلَيْكَ الْبَلاَغُ وَلاَ حَوْلَ وَلاَ قُوَّةَ إِلاَّ بِاللَّهِ.

«Йа АллахI! Оха доьху Хьоьга Хьан пайхамара Мухьаммада (ﷺ) дехначу дикаллех диканаш; тхо лар а ло Хьоьца Хьан пайхамар Мухьаммад (ﷺ) шайх ларвелла долчу вонех. Хьо ву тхан ГIоьнча, Хьоьга кхайкхар а ду тхан. ГIора а дац, ницкъ а бац АллахIера боцург».
233 views08:32
Открыть/Комментировать
2022-07-09 10:32:06 اللَّهُمَّ أَحْسِنْ عَاقِبَتَنَا فِي الْأُمُورِ كُلِّهَا وَأَجِرْنَا مِنْ خِزْيِ الدُّنْيَا وَعَذَابِ الْآخِرَةِ.

«Йа АллахI! Тхан массо белхийн тIаьхьло дика хилийта Ахь, дуьненан сийсазаллех а, эхартан Iазапах а лар а де Ахь тхо».
250 views07:32
Открыть/Комментировать