Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Со цецвуьйлу, со цецвуьйлу денна Дикачу нехан дикачу г|иллакхе | tamilones ོ

Со цецвуьйлу, со цецвуьйлу денна
Дикачу нехан дикачу г|иллакхех.
Кху дуьнен чу со цецвийла веъна,
Сайн вахарах сайна хета эхь.

Цхьамма даьккхи д|огахь сирла шовда,
Цхьамма кхоьлли керла х|усам-ц|а,
Цхьамма цхьаьнга безам кховдий бовха.
Ас х|ун дина? Со х|ун кхиъна дан?

Цхьамма доьг|на, мохехь синтар леста,
Ахорхочо кхиий беркат-кан,
Цхьамма илли эли, дахар хестош.
Ас х|ун дина? Х|ун дика ду сан?

Кху дуьнен чу со цецвийла веъна,
Сайн вахарах сайна чекх са ган.
Дикачу нехан беркат деба денна.
Ас х|ун дина? Со х|ун кхиъна дан?

Бисултанов Апти