2022-11-27 08:34:01
- Х1ун лозу хьан, Нохчийчоь, х1ун лозу,
Бохийна, багийна мохк?
Муьлхачу чевнаша б1арзйина,
Йиллина лаьмнашкахь дохк?
- Сан лозу къонахий чевнаш,
Къонахийн дегнаш сан лозу,
Мог1а нисбеш х1иттийна кешнаш,
Кхин баха йиш йоцуш биснарш.
- Х1ун лозу хьан, Нохчийчоь, х1ун лозу,
Турпала къонахийн мохк?
Х1ун ду хьан ойланаш г1елйина,
Юьллийтуш аренца дохк?
- Сан лозу даггара дешнаш,
Къонахийн некъаш сан лозу,
Сан дуьхьа беллачийн хьегарш,
Бисинчийн вовшашца иэ1арш.
- Х1ун лозу хьан, Нохчийчоь, х1ун лозу,
Къамнашлахь ц1е яхна мохк?
Муьлхачу балано хьовзийна,
Юьллуш ю хьан букът1е дохк?
- Сан лозу буоберийн б1аьргаш,
Зударийн б1аьрхиш сан лозу,
Сан дуьхьа беллачийн доьзалш,
Уьш бицбеш баха кечбелларш.
326 viewsمحارب, 05:34