Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

хаза дийцарш🌥️

Логотип телеграм канала @hilladiycarsh — хаза дийцарш🌥️ Х
Логотип телеграм канала @hilladiycarsh — хаза дийцарш🌥️
Адрес канала: @hilladiycarsh
Категории: Цитаты
Язык: Русский
Количество подписчиков: 409
Описание канала:

@huzurruh-свои истории пишем сюда💗
Админ марехь ю💍

✨ У каждого есть своя история, каждый прошёл через то, что изменило его✨
АНОНИМНОСТЬ 💯
Все истории с этого канала это АМАНАТ🚫
НЕЛЬЗЯ копировать, делать скрин запись экрана, публиковать нигде!

Рейтинги и Отзывы

3.67

3 отзыва

Оценить канал hilladiycarsh и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

1

3 звезд

0

2 звезд

1

1 звезд

0


Последние сообщения

2022-09-03 13:25:32
Возможно во всем в этом есть для нас благо
782 views10:25
Открыть/Комментировать
2022-09-03 13:19:47 Ассаляму алейкум всем
746 views10:19
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:57:39 Шен гина г1ан а дисара. Бахьан доцуш, бахьан а хоьттина вовшех делира иша. Амма Дела вара гуш, йоь1ан дагара к1ант минотана ваьлла а воцийла. Цуьнан ойда дагчура яьлла а йоцийла. Кху дене яллац, цуьнан дог а догуш хиларна цунна. Цуьнан дог а лозуш хиларна цунна. Иштта йисира йо1, шен везачух а яьлла. Амма х1инца а, шен некъа герга цхьаа ца вуьту йо1а. Шен и везарна, ша мел аьлла дош, доггах даггар дуйла хоуьташ. Амма лаьъкха, доггаха ирсе вехийла и! Цуьнан ц1ена дог, Дала хьоьстийла а! Дала ирсе йойла массо нена йо1
722 views05:57
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:57:17 И буьйса т1е кхачале, йо1а ца еш ойла ца йисар. Шен гина г1ан дар цуьнан, дагчу туьйсаш. Цхьа диканиг хила дол хьуна бохуш, юха х1а х1а, 1а дик ян воллу хьун и бохуш 1ара и. Олйанш йожийна, хан муха йоьда ца хуъш, буьйса т1е еана карийра йо1анна. Яз йира к1анта йо1е.
-..... еха голосовой яийтр, ла дуьйхира йо1, амма ала дош доцуш йисира и, ц1еххьана б1аьргар тхин т1адамаш дог1ане а лестина, охьа хьоьвдира. Цу т1ехь бохуш дериг дера дара,,
- Вайшин юкъахь хилла хума дац, хьоьх даьлла х1ума дац, шен т1ап аьлла д1а ван ца лаь, амма д1а вайча хьан волуш вара ша, шена хиллариг хун ду а ца хаь, амма кху т1ехь пауза йича дик хир ду аьлла хета, шена.
- муха пауза?
- шена ц хаь муха ала, 1ад 1ича бег1ийла хир ду вайшинна
-хиллариг ху ду? Амма х1уммам хилла дацара. 1адик еш ю бах ахь?
- и дикам хир дара
- цхьаа совнах запятой йиллана, цхьа хум аьлла, я даьлла йо1 яц хьо. Шелла тыссячи раз г1оленаг кар войла хьун,кху т1ехь тоитча дик хир ду. Ша хьан ойла йин бах хьуна.
-са ойл м е, хьай ойл е. Амма иштта бахахь ахь, юхнехьа некъ боций хаьи хьуна?
- юхнехьа ва г1ерташ хилча, ас хар дуьцар дацар, на перед ойла йин дуьцаш ду
-мегар ду, соьх цхьа г1алат даьллехь, ас хьайн хал хетар динехь, Доггах къинт1ера яла. Хьан Дала аьтто бойла
- ахь сан дог хьастарн, сан дог эцарн, Дала эзаршкахь сов докхил хьуна. Дела рез хил хьун.
- кхи хумма оли ахь?
- даго ца юьта со кхи хьоьга х1ума ал, ахь 1а дик йина хилча кху т1ехь
-мегр ду хьан Дала аьтто бойла!
-.....

"1а дик йойла"- массарги ала луш дац и дош. Доггах дуьххьара а, т1аьххьара а олуш ду и. Амма цуьнан бакъалла маь1на хуъчо, и дош ала ца олу. Я и коьрте а ца дуьта. Амма йо1а и ца элира, ц1а 1адика йича, шозлаг1а ван некъ ма бац. К1ента а йоь1а некьаш хедира. Дог эккхар ду м олу наха, догга кхин докх во т1е деъчи ца икхнера йоь1а, цу т1ехь и мухле а эккхара дацара. Амма дог доьххам дара. Доьх дара дера, и доьх дог хьа а лахьина, буйна а доьллина, и къага а дина, и ирсе дина, ирсан чам а хаийтана, марзо а эцийтана, тоьхха топ санна цу чухала лоппаг даьккхича, доха муха ца духа дог?) Шийда безам д1а бахара. Ерриг серло а д1елира. Стогар а д1абайра. Ц1ергара дечиг а кхачийра. Къегина малх а, чаьмза белира. Шийла шовда а, лах делира. Хи туха зезаг, марг1ал делира. К1анта дог а этира. Йоь1а ирс а дайра.
622 views05:57
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:57:04 Цунна гуш дара цхьа хаза г1ан. Шайн кет1ахь машенаш, улица буьззина хиттина яра. Цу к1етахь вара и к1ант Б.. костюм, хечи а доьхна. Амма телефон чухал хабар дуьцаш вара и. Йо1 а яра оьхаз яхна, амма яра ела къежна гуш. К1антега мохь туьхира цхьа зучо, и яра схьахетарехь йоккха зуда. Цо элира к1анте" воо Б... м д1адаьххьакх и хьан дог, хила доллуш дериг х1ун ду теш", цуьнга а хьаьжна йо1 чоьхьа елира, йо1ан т1е еара, цуьнан д1а кхелхина Нана, цуьнан елакъажаре кхочуш х1умма а дацара, йо1анна т1е куьгаш хьоькхаш яра цуьнан Нана, б1аьргара тхин т1адамаш а эгош. Амма йо1 ца кхетара, машенаш м ю го баьккхина, ша самукъане м ю, хилларг д1адирзана гуш м ду, Нана хьо елакъежан м яра, амма тхин т1адамаш х1унда эгадо ахь бохуш. Уллехьа хьаьжча вахаь дехкина т1орказш а дара, к1айн цхьа сирла къегина г1абали а яра . Цуьнга хьажча йо1 кхийтара, хиллариг х1ун ду.Йо1 а дера яра, цу к1анте яха кеч еш. Гергарнаш бара д1ас хьоьвдда, сирла де дара т1е деанариг. Амма духк г1ад яхана, цец яьлла, йо1а хаьттира вайн твхана х1ун ду?-аьлла. Йо1е жоп делир, дейтталг1а июнь дукх. Т1акх йо1 яра, сих елла шен г1абали т1е юхаш. Ц1еххьана сама елира йо1

Дукх шена и гина хаз хетта, дагчу ца тарлора цуьнан хаза хетар. Доккха х1ума дукх, цхьан адмо къага до бохуриг, х1ар маьлхан дуьне. Х1ар дуьнем х1умма йоца х1ума ю, цу адаме хьаьжча. Доккха ирс дукх, шена дезаш, ша а везаш адам хилча хьан дахарехь, хьоьца уллехьа. Иштта шолг1ачу динахь йо1ег телефон туьйхира. Цхьац бахьан даьлла, телефон схьаэца г1уллакх ца хилара йоь1а. Зим хан яьлча, йо1а яз йинарг гина шега, к1анте элира, шен йиш яцара схьаца, амма х1инца ша мокъа ю. Хьан х1у г1уллакх дара?- аьлла. К1анта телефон схьа туьйхир. Долуш долу х1ума дийцира. Амма цо элира, хьоьха даьлла г1алат дац, я ше аг1ор даьлла х1ума дац. Хьо санна дика йо1, хьо сан дик адман ала х1ума дац. Вайшан юкъахь хилла х1ума а дац. Х1ара д1ахаита связе ваьллера ша. Ша ц1еххьана д1авайча, хьан хаттарш гул делла хилахь а аьлла.
-мегр ду, со кхетта.
-Буьйсанна мокъа ваьлча, ас тухар ю хьоьга
-х1ах1а, хьа эц йиш хира яц
-мегр ду, язор ю ас
-хьожар ю со
-меги т1акх
-давай. Цу т1ехь д1а яй ира йо1 телефон
471 views05:57
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:56:51 Иштта сама елира йо1. Шен гинарг х1ун дара ц хуаш,йоьхна хьийзаш яра йо1. К1анте дийца а ца лиъна, 1ад 1ийра иза. Шолг1ачу буса и дира, йо1а ламаз. Доггах Деле дийхара йо1а, ша хаьржина некъ, шена Дуьненахь Эхартахь пайден хир белахь, хьай бахьанашца, ше бахьанашца гайта Ахь И пайден хир бацахь а, Хьай бахьанашца, ше бахьанашца гайта Ахь аьлла. Ламаз динчул т1аьхьа, йо1анна наб кхийтара. Цунна семах г1ан га дуьйлира. Хабар дуьцаш йолуш йо1 кху к1анте, цуьнга цхьам к1анта телефон тухий юкъар йоккхар и. Амма йо1а, шена ц лаь цуьнга д1а тоха, ша Б... дуьцаш м ю оле, вукханга хабар дийца йола лора. Иштта сама елира йо1. Кха буьйсанна рогг1ара иштта кхуз г1ан гира цунна. Амма доьалг1ачу динахь, 1уьйранна цу г1енаш т1аьхь ма дарра, кхуьнга телефон туьхир цу к1анта. Амма йо1а схьа ца ийцара цуьнгара телефон. Юха ойланашка йоьжнера и. Ванах, шен даго хаьржинарг и хилча, дуьненахь ша хаьржина и волуш, ша ирсе ю, шен даго къобал винарг и м ву, амма семах г1енашкахь а шен даго къобал веш верг и хилча, Дала жоп деллакх ше до1анна оле, г1ад йоьдура йо1. Амма цу буса йо1а дийцар и к1анте. Вовше хабаре даьллер ишиь, иштта дуьйцуш, наб а кхийтара царшинна, телефон д1а а ца йойъуш. Маситта де делира, безам м аллар дено- дено ч1аг1луш баркха. Амма ц1еххьана к1ант д1авайра. Хилларг х1ун ду, ц хаьар.

Ц1еххьана цец яьлла, хиллачух ца кхеташ, йо1а ше гордость шен меттехь а сацийна, яз йира к1анте. Хиллариг хун ду, хьожуш. Амма башх аьллариг дацар х1умма, т1аккха 1ад 1ира йо1. Ша башха тергал ца йича, шен лаъмехь х1ума хир дукх аьлла, собаре хилла са туьйхира йо1а. Цу буьйсанна юха а, яз йира цо к1анте, хмллариг хун ду хоттуш, ша кхи башха тергал ца йича, кхерам тесира дагчу. Амма цхьацца бахьана хилла, дар дацар хилар цаьршина цу буса. Цу юкъе хан а ялле, массо х1ума ше метта д1анис делира. Амма дик хан а елира юха, к1ант связе ца волуш. Хиллачух ца кхеташ, дагчу тесна кхерам алсам бала буьйлира. Цундела йо1а юха а истихар ламаз дира. Цу буьйсанна йо1а доггах, ц1аъ ца дехча кепара Деле до1нехь дийхира. До1а деха хилира. Амма цуьнан яхалла яцара куьйре ериг, цуьнан доггах, дог 1аббош, б1аьрг белхош Деле дехар дара, уггаре куьйре дериг. Цу буса ша дерриге Дела кера а делла, доггаха доккха са а даькхна, д1а йижа метта елира йо1. Амма ойланша хьийза йор и, ма доккха къемат дукх шен т1е дохар дериг, нагахь цо шен беш бериг тешна бехк белахь. Ма доккха г1алат хир дукх ша далийтинарг, нагахь и тешнабехк белахь. Ма ата лур дукх ше дог, нагахь и тешнабехк белахь. Ма хенах доьзна ирс хиллакх хар, нагахь и тешнабехк белахь. Иштта ойланша хьийза йор и. К1анта яз яре ла а дуьйхура цо. Амма цуьнан аг1ор гуча долуш х1умма а дацара. Ойланша хьийза еш, наб кхийтара йо1анна
444 views05:56
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:56:38 Безам баркха д1а г1уш, д1ас уьдаш, доцца аьлча массанхьа дериг даркха. Яккхе йийна ца йолуш 1аш йолу йо1.Цаьршима ч1аг1о йира, к1анта элира:"х1ар дерриге иштта д1аг1ахь, на 100 ирсе йийр м ю ша, хьо"-аьлла. Йо1а ч1аг1о йира:" х1ара дериг иштта д1аг1ахь, хьоьл ирс долш цхьаъ хир м вац" аьлла.
Цу т1ехь безам белира к1оргене. И доьда шала шийла шовда санна, ц1ергахь догу дечиг санна, малхо къаго дуьне санна, хи доьттича денло зезаг санна, дено-дено ирсо хьоьсташ яра йо1. Зимма хан яьлча, йо1ан дага деара Истихар олу ламаз дан. Амма ц1еххьана ойла а кхолла елира, нагахь х1ара иштта хила доьг1на даца хьара, хираъ м дацара аьлла. Амма Дала х1ун яздина хаъ лаьа аьлла, цо истихар ламаз дира. Ламаз дина д1айижанчу буса цунна гира, цхьа ша-тайпана тамашена г1ан. Буьйса яра 1аьржа, арахь дара иза. К1айн х1умнаш йоьхна, цхьан аг1ор 1аьжа х1умнаш а йоьхна, адамийн суьрта басахь дара цхьа дукх адмаш. Царна юкъахь вахь виллан, велла ву бохуш цхьаъ вара. Гонахьа яра котамийн к1ара, иза мух делахь цхьан неха бешахь дара. Хьошалг1а яханчу хенахь, йо1анна т1е деана захало дара, цу юьртарчу наха. Амма йо1 реза хилла яцара царна, шен дагахь верг, ша йина ч1аг1о, хаьржина некъ бола дера. Цундела и т1е лаьцна дацара. Цу г1енаха, вахьа виллан к1ант,цу йоь1 т1е хьийза к1ант ву бохуш, дага туьйсаш дара цунна. Амма царна юкъехула едда, эц неха кет1а яхар йо1. Йо1анна т1е едира, цхьа можа коч йоьхна зуда,1аьржи месаш а йолуш, жимоч дег1ехь а йолуш. И зуда, эц захло деанч к1ента нана м ю оли, даг тосура цунна. Амма дара и г1ан цхьа тамашийна, цхьаа кхетам бацара, дерг х1ун ду а ца кхетара йо1. И зуда хуьлара ч1ог1а, ч1ог1а йоьлхуш йо1ан т1е етталуш. Ц1еххьана йоь1а дагахь,ойла кхолла лора, ва Б... ас мух эр ду х1ара, ас хун да деза х1инца, суна и м веза, ас ху де теш х1инца? Иштта хаттарш дага тесира йо1анна. Ц1еххьана едда ара иккхана, цхьан некъахул д1а едира йо1.
431 views05:56
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:56:24 Хьошалг1а кхайкхина яра йо1,,амма иза алар нис делир цу к1анте.Реза хил, к1антана цуьнан самукъа даьлчхьана мегара и мичча яхчи. Кхи т1е а, иза цуьнан юьрта йоьдаш яра, ше гергарнаш болче хьошалг1а. Хьошалг1а йоьда 1уьйре т1е еара, йо1 яхара. Амма бала т1е беара, интернет яцара эц юьртахь дикка лоцаш. т1аккха цаьршин связе далар, сих-сиха ца нислора. К1ант динахь балхахь хуьлара, йисан хан йо1анна мокъа йоккхара цо. Амма иза д1а а хиъна, к1ант веана суьйранна балхара ц1а веъча, точка доступ лато к1ета. амма г1улкх ца хилара, йо1 генахь хиларе терра, цуьнан точка лата ц лор. Х1ун дийра ду? Йо1 шеца связе ялитархьама,веанера к1ант,г1уллакх ц хилла д1авахар юха. Иштта де д1аделира. Шолг1ачу динахь, йо1 кет1ахь йолуш, уллехул балхар цхьац г1уллакх хилла, дехь воьдаш, к1ант йо1 йолчехул, арахь б1аьрг кхети хьош, церан улицехул дехь волш вара. Амма йо1 арахь хилари терра, цуьнан б1аьрг кхийтара. Т1аккха юха а веана, зим дехьо сабар деш 1аш вара к1ант. Йо1е б1аьрг а тухуш

Иштта д1а ихара денош. Хьошалг1а яханчура йо1 а ц1а еара.
424 views05:56
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:56:14 Дийнахь а, буса а, миноташ, са1таш, секундаш а бен яцара, вовше аз ц хезча, даха дог дацара. Йоь1ам ойла а хуьлара наггахь, ванах хьера яла йоллу те со оле. Амма иза безам бара, цхьа мерза безам.
Ша-тайпана, цхьаа безам бара аьлла доцуш, цхьа массо х1ума Дела дуьхьа долуш,до1а са, боккху ког Деле до1нашкахь доьхуш, могуш маьрш, могш парг1ато йоьхш, цунна. Безам Деладуьхьа белахь, и д1акхехьа ницкъ боьхуш. Тешам, барттий ч1аг1 бар доьхуш. Иштта цхьа ша-тайпана масла1ат дара т1е хоьттинарг.

К1ентан ойланаш хан замано схьа гойтура, шегахь болу безам а схьа гайтира. Шена езий а хаийтара, оьши а хаийтара. Цу т1ехь цхьа шеко яцара. Массо х1ума дика дара, Дела пурбанца.
416 views05:56
Открыть/Комментировать
2022-09-03 08:56:02 Хан мел ели, безам бара ц1ергахь санна богаш. Йоь1а ойланаш яра, ерриге цуьнах лаьцна. Цуьнан бехка а бацара, даимна дохо 1емина долу дог, цо дукх ч1аг1дина лелош дара, ше буйна а диллина. Шена бе, цу т1е кхача некъ а ц буьтуш.
413 views05:56
Открыть/Комментировать