Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

​​Аллахlа айдина-кх зударийн сий, ткъа адмаша дайъина иза. Ад | ..

​​Аллахlа айдина-кх зударийн сий, ткъа адмаша дайъина иза.

Адмаша магайра зудчунна, божаршна хьалха сценай тlе яьлла эшар лакха, ткъа Аллахlа молкхайкха а, къамат дан а, ца магайра(Хьарам дира) цунна, цуьнан экмалла, цlаналла(целомудрие) лар ярхьам.

Цара магайра цунна, театран сценай тlе яла, ткъа Аллахlа рузбан ламаз тlе ца диллира цунна,цуьнан экмалла, цlаналла лар ярхьам.

Цара магайра цунна, олимпиадехь, иштта цхьацца къовсамашкахь дакъа лаца , ткъа Аллахlа ца магайра цунна, Хьаж дечу хенахь Софа, Марва шина лома юккъехь ядар, цуьнан сий а, эсалалла(скромность) а лар ярхьам.

Цара магайра цунна махках яла,цхьана верас а воцуш, ткъа Аллахlа динан богlум болу Хьаж дарах маьрша йитира иза , нагахь цуьнан шеца вига верас вацахь, цуьнан сий а, эсалалла а лар ярхьам.

Йа Аллахl, лар бе Ахь тхан зударий питнах !