Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Шортта диканаш а, дика гIиллакхаш а дуьйцуш долу хьадис. Дела | Ийманехь бераш кхиор

Шортта диканаш а, дика гIиллакхаш а дуьйцуш долу хьадис.

Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:
«Буьйса йоьллачул тIаьхьа, йа шаьш суьйренга девлча, шайн бераш чу а дерзадей, шайна уллохь совцаде аш, бакъдолуш, шайтIанаш дIасадаьржа шуна цу хенахь.

ТIаккха и хан дIаяьллачул тIаьхьа, шайн чохь паргIат дита аш уьш. Шайн неIарш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, бакъдолуш, шайтIано ца йоьллу шуна дIакъевлина неI.
Шайн хи чудутту пхьегIаш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш. Шайн кхийолу пхьегIаш а дIакъовла аш, тIе цхьа хIума йилле а, Делан цIе а йоккхуш. Шайн тогарш а дIадайъа аш».
https://t.me/berashna_lerina